– Цунна маре йаха ца лаахь? Тхойшиннан ши кIант ма ву?
– Маре йахар, цайахар цуьнан шен лаам бу, ткъа хьан декхар шена луург дан цунна маршо йалар ду.
– Ас муха ло цунна маршо, и дIакхето кхузара дIавоьдуш стаг а, дIадоьдуш кехат а ца хилча? Ас йитина а йоцуш, иза маре гIахь, хIун дан деза?
– Нагахь санна Далла хьалха хьо цIена хила хьуна лаахь, Дела теш а лаций, цхьацца бутт хан йукъа а йолуьйтуш, кхузза цIе а тасий, йита. ТIаккха Далла хьалха а, хьайн зудчунна хьалха а бехказа хуьлу хьо.
– Ас йитина а йоцуш, и сан зуда маре йаханехь, сан цIа верзар а хилахь, тIаккха хIун хир ду?
– Нагахь санна хьан зудчунна хьоьга йухайан а лаахь, хьуна иза йухайало а лаахь, хьан зуда йигначо иза йита йеза, ткъа ахь, айхьа дуьххьара йалош санна, шариIатехь мах а бина, йуха а хьайн цIар тIе йоккхур йу. Нагахь санна хьуна иза йухайало а, цунна йухайан а ца лаахь, йигначуьнгахь йуьсур йу. Иза а, важа а шушиннан йа шиннах цхьаьннан лааме хьаьжжина хир ду.
И къамел хиллачул тIаьхьа, Сулейман а, кхин цхьа гIезало а тешаш а хIиттийна, цхьацца бутт хан йукъа а йолуьйтуш, кхузза цIе а тосуш, Айза йитина, шен цIар тIера маршайаьккхира Iелас. ХIетахь, ша иза деш, цунна ца моьттура ша дийна цIа воьрзур ву а, цIа вирзича, Айза маре йахана карор йу а…
7
Сагатлуш, кертахь цхьацца гIуллакхаш дан гIерташ а лелла, чувирзина, маьркIажан ламаз а дина, вирд даккха охьахиира Iела. Медана, шен да-нана долчу йахана, цIахь йацара, кIентан ши кIант а кхарста ваханера. XIyсамехь даьсса, тапъаьлла тийна, сингаттаме дара. Цхьадика, хьера вахана Iусман цIа кхечира.
Буьйса йацйан цхьа а чу ца вогIуш, хIара дог диллина Iаш, уьйтIахь цкъа-шозза йовхарш а тоьхна, цIа чу велира Ахьмад. Вовшашкара хьал-де а хаьттина, йуьртара керла хабарш дийцина ваьлча, ша деана гIуллакх дийца вуьйлира Ахьмад. Цо а, хьалха Iусмана дийцинарг а цхьаъ дара.
– Иштта, Делан кхел лелла, цхьаьна рицкъанаш нисделла тхойшиннан, – дерзийра Ахьмада шен къамел. – Хьайна лаахь, нохчийн Iадатехь соьца мостагIалла лело некъ а бу хьуна, ткъа вайшинна лаахь, бусалба динехь хIара гIуллакх машаре дерзо некъ а бу. Дела сан дог гуш а, сан дагахь дерг хууш а ву, Iела, хилларг а, лелларг а Айзин а, сан а бехкенна дац, лелларг Делан кхел йу. ЦIенчу даггара и Айза хьан хIусаме йухайоьрзийла лаьа суна. ХIара гIуллакх хьан кхеле дуьллу ас.
Ахьмадана жоп ца луш, Iycман чукхайкхира Iелас.
– Хьада, чехкка гIой, Панта-Хьаьжа, Лорса, Доша, Солтха схьавалавел.
Цхьа сахьт далале уьш схьабаьхкира.
– ХIокху Ахьмаданий, суний йукъа хIоьттина хьал, аc ца дийцича а, шуна а, йуьртана а хууш ду. Доцца аьлча, сан доьзало а, йерриг йуьрто а со дийна хиларх догдиллинчул тIаьхьа ткъа шо даьлча, и сан хилла хIусамнана Айза хIокху Ахьмаде маре йахана, ткъа хIокху Ахьмада, шега йеача, иза йигна. Бусалба динехь цхьа хьаьрк а гал хIума доцуш, Делан лаамца хилла кхоллам бу иза. Соьгахь бархI шарахь Iийна Айза, ткъа хIокху Ахьмадан СКАЧАТЬ