Дела ву-кх и дерриг а хууш. Iела вицвелла а, маре дагадеана а ца йахара иза. Ша къона йелахь а, цунна майра, маре ма ца оьшура. Къона йолуш а цуьнан аьтто ца хиллера безамах марзо эца. Сихха цIа воьрзур ву аьлла, Хонкара вахча, кхо шо даьлча, цIа веара. ТIаккха дукха хан йалале лаьцна, итт шо хан а тоьхна, Сибрех вахийтира. ТIаккха бархI шо даьлча, салташа Iумар вийра. Иза вийна а ца Iийра. ЦIенош а, керт-ков а дагийра, церан миска йийбар а йагийра, халла кхиийна ши сту а, йетт а дIадигира. XIapa жимачу Iусманца йерзинчу стигала кIел йисира. Маре а, майра а дагадогIучохь йара ткъа иза? Цунна минотана а ца вицлора Iела. Шен дуьххьарлера а, тIаьххьара а безам. Iусманан а, шен къеначу ден а дуьхьа резахилир-кх. Ахьмаде безам бохург хьехочохь а дацара. Шена а, Iусманна а иза мел дика велахь а, цуьнга даг чохь йовхо ца гIоттура. Iусманна цIенош а дира Ахьмада. Ши сту а, бежана а ийцира. ХIетте а Iела дагара ца волура, Ахьмадах безам ца летара. Йуьхьанца кIант, тIаккха йоI хилча, шен кхолламна къера а хилла, кIелсецира. Даг чохь керла безам ца кхоллабеллехь а, Ахьмадана муьтIахь, тешаме, дика хIусамнана хилира цунах. Амма Далла дика хаьа-кх Айзина майра а, маре а оьшуш хилла цахилар. XIapa хир дуйла хиънехьара…
– Айза, – лохха кхайкхира Ахьмад.
– ХIун боху ахь? – гIийлла йистхилира Айза.
– Iела цIa веачахьана ойланаша хьере дина вайша. Иштта Iийна девр дуй-те вай?
– XIyн дийр ду ткъа?
– Вайшиннан кхоллам муха хилла, хаьа-кх хьуна. Бакъдерг аьлча, хIусамнана а йелла, доьзалхо а воцуш, цхьа висинчу суна хIусамнана оьшура хIетахь. Амма хьо майра оьшуш а, маре дагадогIуш а йацара. Азаллехь синош кхуллуш, Дала йина кхел кхочушхуьлуш, вайшиннан рицкъанаш цхьаьна нисделла. Ахь дина йоI а, кIант а ду сан. ХIинца Iела цIа веана. Iеле а, вайшинга а дуьхьал схьа ца алахь а, тIaьxьaшxa лелаш нехан питане мотт-эладитанаш ду. ХIун дича бакъахьа хета хьуна?
– Хаац суна. Хьоьга йале йа Iела цIа вале со йеллехь, дика хир дара. Далла ца лиъна-кх иза а.
Цхьана ханна цIа чохь тийналла хIоьттира.
– ХIокху дуьненахь цкъа а ирсан чам ца хууш, къанвелла Iела. Дала кхоьллинчу цхьана а стагана ца лабаллал баланаш, халонаш, бохамаш лайна цо. Сол а декъаза стаг ву иза. Бусалба динехь а, адамаллин гIиллакхехь а, хьайна лаахь, цуьнга дIайаха бакъо йу хьан. Кхин xIyсамнана а йалийна, цуьнца ваха хаа къанвелла иза. Ахь мукъана а дог ца эцча, къанвеллачу хенахь иза хьанах, стенах Iехалур ву?
Айза йист ца хуьлура. ХIун аьлла хила йеза? Ахьмада дийриг оьзда къамел ду, цо лелориг оьзда гIиллакх ду. Амма Айзин иза дан бакъо йац. Цуьнан кхоъ бер ду. Цигахь – кIант, кхузахь – кIант а, йоI а. Iела а, Ахьмад а – ший а дика хилла Айзина. Амма даим дIа цуьнан даг чохь лаьттинарг Iела ву. Айзин дуьххьарлера СКАЧАТЬ