Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров страница 55

Название: Дарц

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Издательство: Автор

Жанр:

Серия:

isbn:

isbn:

СКАЧАТЬ бен оьрсийн а, япон а тоьпаш цахилар. Царах цхьаъ Хьомсуркъица цхьаьна хьуьнах йахана. ХIан, йолчу дайша важа исс дIаелча а, ма йуьсу йуьртана тIехь йезткъе цхьайтта топ. Уьш эцна йала йеза йа церан метта хIоранна тIера пхиппа туьма ахча дала деза. Тур-шаьлтанаш а, патармаш а ма ду такха дезаш. Мел ахча лоцу цара? Хьанна хаьа иза лара! Лаххарчу хьесапехь, исс-итт туьма ахча тIедужу Янаркъина. Дерриг а лерича – налог, гIуданаш цхьаьнатоьхча, – йалхитта туьма. Иза такха долахь, дууш-молуш а, тIедуха-когадуха а доцуш, шина шарахь къахьега деза цаьршиммо… Амма гатийуьртахоша лур дац Iедална йа и декхарш а, йа герз а. Цара муха, мичара ло уьш, шайн ца хилча? ТаIзарна салтий йуьрта багIахь, царна дуьхьало йан барт хилла гуламехь.

      – Эткаш хьанна йеза! Дика эткаш! ЧIогIа эткаш! Йорах эткаш йезарг схьавола! – сих-сиха мохь тухура Янаркъина уллохь лаьттачу векъначу, бесечу оьрсичо, шина эткан бертигашна чу куьйгаш а доьхкина, эткийн айраш вовшах а детташ.

      Стигал кхола йолайелча, сагатделира Янаркъин. Нагахь и дисина верта хьалхехьо дохкалахь, ша оьцург а эцна, тахана цIа ваха ойла йара цуьнан. Амма цунах цхьаммо а йалх соьмал тIех ца лора. Муха лур ду цо иза оцу мехах? Йоккхачу стага буьззинчу баттахь хьегна къа. Вукху деаннал ледара-м, дера, ду хIapa. BopхI-aх делча-м дIадохка реза хир вара иза.

      – Вон ду вайшиннан гIуллакхаш, ваша, – элира эткаш йухкучу оьрсичо. – Вайшиннан товар дорах деза массарна а. Ткъа сан цIерачу, хIорш йохкаре хьоьжуш, ладоьгIучу бархI къамкъарган бала бац цхьанна а. Эткаш йезарг схьавола! Йорах дIало шуна!

      ХIетталц паргIат мах беш хилла базар, йохийнчу зингатийн туьйлигах тарлуш, цIеххьана меттахъхьайра. Янаркъина гира, шайн хIуманаш дIа а лоьIуш, уьш пхьаьрса кIел лаьцна а, ги йетташ а, базарара адамаш дIауьдуш. Дехьо йалташ духкучу могIарехь гIовгIанаш йевлира. Цигахь мах бийраш дукхахберш нохчий хуьлу дела, хIун хилла-те аьлла, сагатделира Янаркъин.

      – Хьажал хьо, ваша, и схьагIерта бехна тIуртIазбевлла гIалагIазкхий! – Янаркъина муьшка йира эткаш йухкучо. – Слепцовскера тхан станичникаш бу уьш. ЦIахь а, арахь а синтем бац-кх цаьргахьара! Хьолахойх бу уьш. Хьажахьа, хьажахьа! Велла волийла со, царна хьалха вoгIypг тхан станицера къу Игнат вацахь! Ой, иза лаьцна, набахти чувоьллина ма вара? ХIинца гIалахь, базархула маьрша лела! Диканна схьа ца гIерта уьш. Кхузара дIавалий вайша?

      Цо дуьйцучух ца кхетахь а, иза хьоьжучу агIор дIахьаьжча, Янаркъина гира, нах дIаса а тоьттуш, воьлуш, терсаш, шайна тIе схьагIерта пхи стаг. Ламанхойн духарца кечвелла, коча тийсина тарраш долуш волу виъ гIалагIазкхи вуйла хиира Янаркъина, царах бIаьрг ма-кхийтти. Ткъа царна хьалха вогIу лекха, зоьртала стаг гIалахойх вухавелла вара. Янаркъина ца везавелира маларо бIаьргаш цIийдина, йаххьаш севсина, техкаш, кхийсалуш цунна тIаьхьавoгIy виъ гIалагIазкхи. Цара дагадаийтира цунна ши-кхо де хьалха Несарехь а, ткъа сийсара кхузарчу вокзалехь а хилла бохуш, дуьйцу дов.

      – ХIей, дед, верта духкуш дуй хьан? – Янаркъин белшаш тIекхоьллина кхозучу вертанах пIелг Iоьттира СКАЧАТЬ