Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров страница 48

Название: Дарц

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Издательство: Автор

Жанр:

Серия:

isbn:

isbn:

СКАЧАТЬ шаьш а, оьрсийн къам а ма дара паччахьан Iедалан лоллехь, Iазапехь. Царна а ма ца дезара и Iедал. ТIаьхьа хиира суна, вай паччахьан эскаршна дуьхьал тIом бечу xeнаxь и гуьржий а, хIирий а, оьрсий а хилла герзаца Iедална дуьхьало йеш. Ткъа вайна, цаьрца цхьабарт а бина, церан а, вешан а йукъарчу мостагIчунна – паччахьна а, хьоладайшна а – дуьхьал гIовтта ца лаьара йа иза дан хьекъал а, кхетам а ца тоьура. Иза дан, керста къаьмнийн къехошца цхьаьнакхета ца лаахь а, уьш вешан мостагIий кхайкхо ма ца безара вай, дIакъехко, дIакъесто ма ца безара. Цундела хуьлура вайн цхьаболу эшамаш.

      – Бакъду иза, Iела. Иза керста хилчахьана, муьлххачу а къомах стаг вешан мостагI хетара вайна. ХIинца а хета.

      – ХIинца мукъана а, хьалха ваьш бинчу некъе йуха а хьаьвсина, ваьш, галдевлла, бердах, цIерга мичахь, муха, хIунда лилхина а хьаьвсина, тIейогIучу хенахь оцу гIaлатех лардала деза вай. Оьрсийн мехкан а, оьрсийн паччахьан ницкъан а боккхалла, оьрсийн къоман дукхалла со Сибрех вахча хиъна суна. Нохчийн мохк церан уггар жимачу губернел а бац. Россехь масех бIе шахьар йу, йарташ хьехор а йац ас, церан цхьана шахьарахь болу оьрсий а бу берриг нохчел алсам. Гена гIиртина хIун до, хIокху вайн махкахь а бу уьш-м нохчел алсам. Нохчийн къам жима ду, цуьнан мохк а, ницкъ а кIезиг бу, тIамца иза ша цхьаъ ларор дац Россица, паччахьан Iедалца. Цундела, Ахьмад, ас ца боху нахе герз карахь паччахьан Iедална дуьхьал гIовтта. Иза олучарна а дуьхьал хир ву со. Оцу Овхьада ма-аллара, вай санна, паччахьан Iедалан лоллехь дохкучу Россерчу, вайл даккхийчу бусалба а, керста а къаьмнаша хIун до а хьовсуш, царалахь хьалхенаш а ца йохуш, тIехьа а ца соьцуш, йуккъера меттиг дIа а лаьцна, цара дийрриг дан деза вай а. ХIинццалц санна, вешан ницкъ а, мостагIчун ницкъ а ца хууш, герз карахь дуьхьалонаш йахь, вайн къам эрна хIаллакьхир ду. Дала тоьхна цхьа де хир ду вайн аьттонна.

      – Оцу айхьа дийцинчух нохчий кхето, церан ойла цу aгIop дIахьовзо ницкъ кхочур буй-те хьан, Iела?

      – Дера, бац. Вайн къам Iилманна, кхетамна тIаьxьaдисина. XIopa стеган, xIopa къоман кхетам Iилманца бу. Дала а боху бусалбанашка Iилма Iамаде. Пайхамара а аьлла, шаьш аганара гIевттичахьана дуьйна, кошан лахьте дерззалц Iилма Iамаде. Нохчашна ца лаьа Iилма Iамо. Нохчийн дерриг хьекъал бIаьргаш чохь ду. Нахана Iилма Iамo а, нах кхето а вайшингахь Iилма а, хьекъал а дац, и ший а вайшингахь хилча а, и болх бан хан а йац вайшиннан. Амма нах кхето гIертар, нах зенех-зуламех, бохамех ларбан гIертар, нах эрна хIаллак ца хилийта гIepтар декхар ду вайшиннан, цхьана дийнахь бен дуьненахь ца вахахь а. Ткъа сан бала а кхаьчна, гIалатех со ларван гIортарна баркалла хьуна. Со ларлуш хир ву.

      – Къаьсттана Хьуьса-моллех а, Iабдих а ларло. Цаьршиннан бIаьргаш а, лергаш а, меттанаш а ду нахана йукъахь къайлах лелаш.

      – Iабди хьенан, мила ву?

      – Совдегар ХортIа дагавогIий хьуна? Цуьнан кIант ву-кх.

      – Овхьад а вац ткъа ХортIин кIант?

      – Ву. Амма иза шен доьзале ца хьаьжна. ХортIа а, Iабди а вицвийр волуш, кхин цхьа кIант а вара ХортIин. ТIаьххьара тIом болуш, йурт тало СКАЧАТЬ