Массара а велларг лерина, вицвина Iела, ткъе берхIитта шо даьллачул тIaьxьa, хIинца цIa веана. Эхартара веача санна. Цуьнан зуда Ахьмадехь марехь йу. Нахана дуьйцу хезна xIyмa а ма дац xIapa. Нехан цIартIехь маре йахана зуда а, иза йигнарг а – ший а дуьйш Iадат ду нохчийн. Ткъа хIокху шинна йукъахь лелларг шатайпа гIуллакх ду. ХIуьттаренна-гамонна дина а дац. Доьналла доцчу, оьзда боцчу наха мостагIалла а хьедийр долуш, оьздачу къонахаша машаре а дерзор долуш, дерзо бусалба динехь некъаш а долуш, хилла гIуллакх ду. Сибрех ваххалц Iелел оьзда а, майра а, къинхетаме а, доьналле а стаг вацара хIокху Яьссин тогIица. Махках а ваьлла, халкъах а хаьдда ткъе берхIитта шаро амалш, гIиллакх хийциний-те цуьнан? Дардиний-те цуьнан дог? Дицдиний-те цо шен къоман оьзда гIиллакхаш а? Дегнаш боьхачу адамийн мотт-эладитанаша дIовш дуттурий-те цуьнан даг чу?
Ши-кхо де хьалха уллохула тIехволуш, Iабдин туькана чувирзира Ахьмад. Чохь Iабди а, Хьуьса-молла а бен, кхин адамаш а дацара. ХIара нeIapx чоьхьаваьлча, шиннан а велавалар иккхира.
– Ахьмад, шариIато цхьана стеган йиъ зуда хила магадо. Амма, цхьана зудчун ши майра хила магийна бохуш, ца хезна цхьанна а. Айза хьоьгахь марехь йу, ткъа наггахь Iелин кIант волчу а йоьду. Шуьшиннах муьлхачун сте йу иза? – хаьттира Хьуьсас, вела а къежаш.
«Кхи-кхи-кхих», – аьлла, велавалар иккхира Iабдин а.
Вист ца хуьлуш, вахана неI тIе а чIаьгIна, чухула гIуй а боьллина, Хьуьсина тIе а веана, шен нуьцкъалчу куьйга цуьнан атлазан гIовталан кач а лаьцна, ветанаш лоьлхуьйтуш, озийна, иза шен мера кIел валийра Ахьмада:
– Кхахьпано дина кхахьпа! Хьакхин хотIах даьлла хьакха! Ирс хили хьан, йукъах йихкина шаьлта а йоцуш, со кхуза нисвелла. Амма хаалахь, нагахь санна ахь диканна а, вонна а Iелин а, Айзин а, сан а цIе йаьккхина бохуш, суна хазахь, хьайн хьакхин корта дегIах къаьстарг хилар! Стен а, боьрша а доцу гIизби!
Кхеравелла, ши бIаьрг схьаэккха санна, хье тIе баьлла Хьуьса, хьала а айъина, гIопастанал дехьахь вегош лаьттачу Iабдина тIе а кхоьссина, аравелира Ахьмад.
Ахьмадна хаьара и тайпана мотт-эладитанаш йуьртахь даржош лелаш цхьа нах буйла. ХIокху гIуллакхан цхьа йист йаккха сацам бина иза, къайллах арентIарчу цхьана воккхачу Iеламстагана тIе а вахана, цунах дагаваьллера. Цо дийцарехь, майра веллачул тIаьхьа биъ бутт а, итт де а даьлча маре йаха бакъо йу зудчун. Ткъа гена махка мехе, тIаме вахана, йийсаре вигна йа кхечу бахьанашца доьза вайначу майрачух дог диллина зуда кхечу стаге маре йахча, ткъа и хьалхара майра, xIapa Iела санна, цIа верзахь, и зуда йигначо, шариIатехь йита а йитина, хьалхалерчу майрачунна йухаерзо йеза. Ткъа оцу хьалха хиллачу майрачо, нагахь санна и зуда шена йезахь, иза цуьнга йухайан реза а йелахь, дуьххьара йалош санна, шариIатехь цуьнца мах а бина, шен дола йаккха йеза. Иза йухайало СКАЧАТЬ