Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров страница 54

Название: Дарц

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Издательство: Автор

Жанр:

Серия:

isbn:

isbn:

СКАЧАТЬ а Хамовна дIахьедар а дина, и гIуллакх шен кара ийцира Ханжаловс. Стомара Гати-Юьрта веанчу Хамовс, нах майдана а гулбина, царна дийшира Ханжаловн омра.

      «Цуьнан Воккхаллина, йерриг Россин… императора, цуьнан цIенна дуьхьал, цуьнан Iедална, цо хIоттийнчу къепена дуьхьал гIеттинчу Гати-Юьртана тIедожадо:

      §1.

      Нийсса итт де далале 100 топ а, царна 2000 патарма а, 500 шаьлта а, 50 тур а Ведана гIопе охьадиллар.

      §2.

      Схьайалаза йисинчу хIора тоьпа тIера 50 сом, тур-шаьлтанна тIера 10 сом, патарми тIера 50 кепек ахча охьадиллар.

      §3.

      Герз схьаделлачул тIаьхьа цIийнах хьаьвсича, нагахь санна кертахь йа карахь герз карадахь, иза дIадаккхарал совнаха, бехкечуьнгара xIapa гIуда даккха:

      3-линейки тоьпана        – 300 сом,

      японски тоьпана        – 200 сом,

      бердангина        – 100 сом,

      мокхазан тоьпана        – 50 сом,

      тапчина        – 50 сом,

      тур-шаьлтанна        – 20 сом,

      патармина        – 50 кепекана тIера 3 соьме кхаччалц.

      §4.

      Йуьртана тIехь долу 5104 сом – пачхьалкхан а, Ieдaлан а декхар – итт де далале охьадиллар.

      §5.

      Йурт Iедална дуьхьалйохуш, зуламе питанаш лелош волу Хортаев Овхьад, Солтханов Солта, Сулиманов Хьомсуркъа, лаьцна, Iедале схьавалар.

      §6.

      Тоьхначу хенахь xIapa омра дуьззина кхочуш ца дахь, Гати-Юьртана луьра таIзар дан.

      Ведана округан начальник,

      подполковник Ханжалов

      2

      Гати-Юьртахь хиллачу оцу хьовр-зIовро Соьлжа-ГIала базара валийна Янаркъа, ша деанчу пxea вертанах диъ бархI-бархI соьмах дIа а доьхкина, тIаьххьара дисинарг белша тIе а кхоьллина, иза оьцуш стаг валаре хьоьжуш, гIийлла бIаьрг бетташ, вертанаш духкучеран могIарехь хIоьттина лаьттара.

      Селхана делкъал тIаьхьа Гати-Юьртара охьа, гIaш ткъа чаккхарма некъ беш, Гезлойн станце а веана, цигахь хьешашкахь буьйса а йаьккхина, сатоссуш цига кхаьчначу цIерпоштахь малх лакхабаьлча, кхуза кхаьчнера Янаркъа. Ша цIера араваьлчахьана цхьана хIуманах вогуш веара иза гIала. Иза шайн кех ара ма-веллинехь, цунна тIенисйелира йаьссачу кIудалца хи тIе йоьду Сету. Хих йуьзна шийтта кIудал цуьнгахь хилча а, иза ша тоьур йара стеган некъ эгIо. Кхин тIе а, Янаркъин дог дохийнера сийсара цунна гинчу гIено. Дуккха а адамаш, цара буьйцу xIapa ца кхета мотт, маьхьарий, дов, цIий. ГIенах цIий гар-м дика ду олура, хIетте а Янаркъа резавацара оцу гIанна.

      Схьакхаьчча, цунна кхузахь хеза хабарш а дацара хIумма а маслаIате. Базархоша дийцарехь, карзахе хьал дара гIалахь. Заводашкахь, фабрикашкахь, мехкадаьтта доккхуш а болх беш болу оьрсий шайн алапаш алсамдахар, къинхьегаман а, Iep-дахаран а хьелаш тодар, шайна цхьацца бакъонаш йалар Iедале дIахьедеш, белхаш а совцийна, гIалин майданашкахь гулбелла, бохура. Салтий СКАЧАТЬ