Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров страница 51

Название: Дарц

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Издательство: Автор

Жанр:

Серия:

isbn:

isbn:

СКАЧАТЬ style="font-size:15px;">      6

      Ши-кхо де хьалха Iусманца дехха къамел хиллачул тIаьхьа, шайн шина доьзална йуккъе хIоьттинчу хьолан кIорггера ойланаш йан вуьйлира Iела. Iусмана, цхьана мaьIIepa дуьйна схьа, ма-дарра дийцира цунна шен нана маре йахар муха нисделира. ХIинца Айзехь а, Ахьмадехь а болу бала а, шен воьхна хьийзар а. Айза маре йахарна хIетахь резахиларна хIинца ша бехке хетара кIантана.

      – Делахьа, Iусман, шу оццул доьхна хьийза, ма доккха хIума дац вайна тIедеанарг, – элира Iелас, кIанте леррина ла а доьгIна. – Цунах шайна бала хIунда бо аш?

      – Ахь и шиъ ден деза бохуш, хабарш дуьйцу наха…

      Iела гIадвахана велавелира, тахана дуьххьара.

      – ХIунда? Мича бахьанина? Со дийна вуйла а хууш, нах безна, хьуна а, суна а эхь дина, и хьан нана маре йаханехь-м, нохчийн Iадатехь мостагIалла хьедан, цхьа бекхам эца безара ас. Вуьшта аьлча, иза тIедужура суна. ХIусамда веллачул тIаьxьa ларйан йеза бусалба дино тоьхна хан чекхъйаьлча, маре йаха бакъо йу зудчун. Ткъа хьан нана, массара а со велларг а лерина, вицвинчул тIаьхьа а ткъа шарахь Iийна маре ца йоьдуш. Ахь дийцарехь, ша йаллалц Iийна а хир йара, къанвеллачу, цамгаро кIелвитинчу шен къеначу ден дехар йухатоха бакъо а хиллехь, кIелхIотта тхов а боцуш, йерзинчу стигала кIел висинчу хьан ойла а ца йинехь. Ткъа Ахьмада а йигна, иза шега йеача. Бусалба динехь, нохчийн Iадатехь цаьршиннан хIун бехк бу? Делан кхел йу лелларг. Майра велча, кегий бераш дIа а тийсина, маре бахана зударий дукха гина суна. Хьайниг дуьххьара а, тIаьххьара а ца йахана. Бакъду, «веллачул» тIаьхьа «денвелла», со цIа варо жиммa чолхедаьккхина хIара гIуллакх. Делахь а, вай доьхна хьийза оьшуш хIумма а дац. Вайгахь доьналла хилчахьана, дерриг а дика дIанислур ду.

      КIантаца хиллачу къамелана тIера йаьлла Iелин ойла, хьаьвззина, ткъе пхи шо йуханехьа Сибарен каторге йахара. Шеца лаьцна валийна масех нохчо – хьалхарчу кхаа шарахь, тIаьххьара висина цхьаъ шийтта шо даьлча а велла, цхьа висча, лагерехь волчу цхьана узбекаца уьйр тесира Iелас. Бусалба хиларал совнаха, кIорггера бусалба динан Iилма хууш стаг хиларо цуьнга безам бахийтира Iелин. ХIора буьйсанна а, мукъачу деношкахь а Iелина бусалба динан Iилма хьоьхура Сулеймана. Масех шо далале гIеххьачул узбекийн, Iаьрбийн меттанаш а Iемира Iелина. ШариIат Iамош, маре дар а, зуда а, майра а дIасакъастар а йукъадаьлча, оцу тIехь дуккха а хеттарш дан вуьйлира Iела. Маренаш тIехь Шемала шариIат талхош меттигаш лелийна бохуш а, хезнера цунна. Маре йаха хан кхаьчна йоI а, къона жерой а церан шайн бертаза, нуьцкъах маре бохуьйтуш. Зуда а, бераш а долчу нахе а. Зудчунна йаха а, стагана йига а ца лаахь а. Боьрша нах тIамехь бойуш, уьш кIезиг бара, ткъа зударий алсам бара, цундела боьршачу стеган цIахь зуда а, бераш а делахь а, шолгIаниг йигар нуьцкъах тIедожадора. Шемала лелочух-м кхетара Iела. TIaмo хIаллакден адам, къаьсттана божабераш, дебо Iалашо йолуш дора цо иза. TIe, марехь а боцуш, IаьIна къона зударий хьарам новкъа ца бовлийта, церан сий, оьздангалла ларйан а дора. Шена ца везачу стаге йа зудчунна а, берашна а тIе маре йаха ца лаьа зуда а, шена ца йеза зуда, йа зудчунна а, берашна а тIе зуда йига ца лаьа боьрша стаг а зиндан чу кхуссура, уьш реза хиллалц ара а ца бохуш. Оцу зиндан чохь йоккхучу xIopa буьйсанна СКАЧАТЬ