Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров страница 45

Название: Дарц

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Издательство: Автор

Жанр:

Серия:

isbn:

isbn:

СКАЧАТЬ Кхин тайпа, машаре некъаш а ма ду вайна вешан маршо йухайерзо. Вай оьрсашна, керстанашна дуьхьал тIом бийр бац. Оьрсийн паччахьан Iедална кIел, вай санна, лоллехь, Iазапехь латтош, дуккха а къаьмнаш ду Россехь. Нохчийн къомал уьттазза, бIозза даккхий, керста а, бусалба а къаьмнаш. Царалахь уггар доккха къам оьрсийниг а долуш. Оьрсийн паччахьо а, хьоладайша а нохчийн халкъана бинчу бохамашна дерриг а оьрсийн халкъ бехке дора вай, цуьнца мостагIалла а дара вайн. Оьрсийн халкъана ца оьшура шен паччахьаша, хьоладайша нохчашца бина тIом, ца лаьара шайн кIентий, вежарий кхузахь бойъийла. Амма паччахьаша а, хьоладайша а шаьш дийриг халкъе хоьттуш ца до. Оьрсийн халкъ а ду паччахьийн, хьоладайн кога кIел, Iазапехь, лоллехь. Царна дуьхьал дукхазза а гIеттина оьрсийн халкъ, амма даим а къинхетамза хьаьшна цуьнан дуьхьало. Оьрсийн паччахьаш а, хьоладай а Россехь дехачу дерриг а къаьмнийн къехойн йукъара мостагIий бу. Вовшех къесташ, ша-ша, цхьацца гIиттарх, паччахь а, цуьнан Iедал а дохалур дац халкъашка. Иза данне а далур дац нохчийн жимачу къоме. ХIетте а, нохчий даим а девнна хьалха гIиртина, цундела царна даим бохамаш а хилла. И хьалхенаш йохур йац вай кхидIа. Вайл даккхийчу а, вай санначу а къаьмнаша хIун до а хьовсуш, хьалха а ца гIерташ, тIехьа а ца лечкъаш, йуккъера меттиг схьа а лаьцна, къуьйсур ду вай вешан маршонехьа. Оцу къийсамехь керста оьрсий, гуьржий, эрмалой, хIирий, кхидолу къаьмнаш а вешан мостагIий хилийта ца деза вай, ткъа накъостий хилийта деза. Церан гIоьнца вохор ву вай вешан йукъара мостагI, церан гIоьнца йухаерзор йу вай вешан маршо.

      ХIетталц ладоьгIуш Iийна Хьуьса-Молла къамела йукъавуьйлира:

      – Маржа Овхьад йаI, оцу керстанашна йуккъехь даьккхинчу ткъе ворхI шаро хаза кхоччуш тиларчу вигна-кх хьо! Айхьа дуьйцург хIун ду, хаьий хьуна? Керстанах ма теша, иза доттагI а, накъост а ма лаца, цуьнца гергарло а ма леладе, боху Дала Къуръан чохь. Керстанашна а, бусалбанашна а йуккъехь барт а, машар а хир ма бац цкъа а. Хила йиш а ма йац. Керста доттагI, накъост лаьцнарг Делах ма волу, Делерчу къинхетаме дог дохийла ма йац цуьнан!

      – Стомара гуламехь-м иштта ма ца элира ахь, Хьуьса, – накъосташка бIаьрг а таIош, кхоссар йира Янаркъас. – Оьрсийн паччахь а, цуьнан хьаькамаш а Дала хIиттийна, Делан лаамца лелаш бу, царна а, церан Iедална а муьтIахь хила деза, царна дуьхьалверг Далла дуьхьал ву, иза жоьжахатин цIергахь вогур ву бохуш, ма дийцира ахь. И оьрсийн паччахь а, цуьнан хьаькамаш а бац ткъа, бисина оьрсий санна, керстанаш?

      – Паччахь а, цуьнан хьаькамаш а, муьжгий а цхьаъ бац! Муьжгий цхьа а дин доцуш, Делах ца тешаш адамаш ду, xIapa ДошагIар, ХьомсуркъагIар санна, къуй, талорхой! Уьш доттагIий а, накъостий а лаца мегар дац.

      Нахана йуккъехь белар иккхира.

      – Делахь, Хьуьса, со Iеламстаг а вац, суна Iаьрбийн мотт а ца хаьа, – элира Овхьада. – Со Бакохь волуш, цхьана воккхачу Iеламстеган кертахь петарехь Iийна со. ТIаьхьа, Сибрехь волуш а, гIезалойн къомах волчу цхьана Iеламстагаца а масех шо хан цхьаьна йаьккхира ас. Цара дуьйцуш а, сан хеттаршна жоьпаш луш а, бусалба динах дуккха а хиъна суна. Пайхамара Маккарчу керстанашна дуьхьал ша тIом бечу хенахь, цаьрца СКАЧАТЬ