Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Мзия Ратиани
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь - Мзия Ратиани страница 12

СКАЧАТЬ итт шо хан ма йаьккхинера кхуьнан дас – Довта-МартантIера ГIезин кIанта Маьхьдис, цундела кху йуьрта а, кху хIусаме а кхаьчча, ша сийлахь йезачу Макке кхаьчча санна ма хетара Кутина. Кху маьнги тIехь хийлозза набаро товжийна хир ву кхуьнан да.

      – ХIун ойланаш хилла те цуьнан? Хиллий те кханенга сатийсам, йа цуьнан берриге а лаамаш мостагIашна йекха йезачу чIираца боьзна хилла теша? – ойла йора Кутас. ХIоразза а ша кху хIусаме веъча, Кутас даггара баркалла олура гIебартошна, цара хIара чоь хийцам боцуш йитарна. Обаргана сел хьалхе шен дахарера дIавахана волчу ден амат, ша Iаба ца кхиъна цуьнан йовхо а, марзо а кхузахь йехаш санна хетара. Обарган ойланаш йукъахйохуш, цхьаммо меллаша неI туьйхира. Иза хиллера Мисост.

      – Ассаламу Iалайкум! – самаваьккхина хир ву ас хьо? Цхьа жимма мукъне а садаIар хиллий хьан? – Кутина улло охьалахвелира гIебарто.

      – ВаIалайкум ассалам! – дегI нисдеш, гIаьттира Кута. – ЧIогIа дика наб йира ас хIумма а новкъа доцуш. Кху хIусамехь дукха наб йан дог ца догIу сан. Йерриге а ойланаш дIалоцу дех боьзна болчу дагалецамаша. Кхета лаьа муха хилла теша цуьнан ойланаш, дахар. Цхьа чIир йоцург, дуьнен чохь цо сатуьйсуш а, сагатдеш, хIума хилла хир ма дай.

      – Кушмэзыкъуевохь хьошалла деш ву сан дешича – Атажукон кIант Жанхот. Цунна дукха хIума хаьа хьан дех лаьцна. Кегий нах болчу хенахь, сан деца цхьаьна дукхозза хьан да волчохь хьошалгIахь хилла бу уьш. Вайга вогIур ву иза тахана. – элира Мисоста.

      Цара къамел дечу хенахь делкъ ламазана молла кхайкхира.

      – Доккхачу цIа чохь хьоьга хьоьжуш хир ду тхо. Цигахь цхьаьна ламазаш дийр ду вай, кхачанах а кхетар бу. Кестта лор а вогIур ву хьан чевне хьажа – элира Мисоста.

      Делкъе йеш, Мисост волчохь гулбеллера КушмэзыкъуевгIеран тайпанера шортта йаьхь йолу гIебартой. Царна йукъахь вара къано Жанхот а, Мисостан шича Тауби а, иштта Аслангери а, Джилйахстан а, Закирей а, Гошанашхо а, Тембот а, Тан а. Кута уггаре а хьалха къано Жанхотана маракхийтира.

      – Де дика дойла хьан, Жанхот! Ма хазахета суна хьо тхайн гуонехь могуш-маьрша гуш. ГIебартойшна хилла ца Iаш, йерриге а Кавказана оьшуш стаг ма ву хьо! МостагIаша новкъарло йеш ца хилча, йерриге а Кавказехула дIасалело везаш вара хьо, вайн дайша вовшашца латтийначу ларамах а, церан уьйрашах а хьоьга дуьйцутуш! – элира Кутас.

      – Диканца дукха вехийла хьо! Ма хаза хета тхуна хьо ГIебартахь гича! Хьайн ден весеташ кхочуш дан араваьлла хила тарло хьо. Цуьнан боккха лаам бара Кавказан тоьлла къонахий вовшахтоха оьрсийшна дуьхьал бечу къиссамехь. Цуьнан иза кхочуш дан аьтто ца белира, амма ахь цу гIуллакхехь баккхий кхиамаш баьхна. Кавказхой теша хьоьх, хьуна тIаьхьахIитта кийча а бу уьш. Адыгаш даима хир бу хьоьца! – Жанхота куьйг кховдош, массо а стоьла хьалха кхайкхира.

      – Кута, кхузахь вовшахкхеттарш, хьо теша мегар долуш, хьан вежарий бу хьуна. Хьан ден а ца байнера тхоьх тешам, цундела хьан тешам ца байта а хьовсур ду тхо. – элира обарге Мисоста.

      Йуучух кхеттачул тIаьхьа, чай молуш, СКАЧАТЬ