Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Мзия Ратиани
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь - Мзия Ратиани страница 16

СКАЧАТЬ оха дIавохуьйтур вац хьо. Хьоьга хьоьжуш лор ву. Иза хьан чевне хьожур ву, тIаккха Iуьйранна сатоссуш, ГIебартара цхьаьна арадевр ду вай. Соьца Тембот а, Тан а хир ву. Оха новкъавоккхур ву хьо хьан доттагIа Хьапагож волчу – элира Мисоста, ткъа цо аьллачунна реза хуьлуш, корта теIош вара къано Жанхот а.

      – Вайн чергизойн вежаршка доккха салам-маршалла дIало. ЦIа воьдучу хенахь, тхуна тIех ца волуш, Кушмэзыкъуей а вола – элира Жанхота, шайн йуьртан гIебартойн маттахь бакъ йолу цIе йоккхуш.

      Хапагож

      I

      Iуьйренан ламазаш диначул тIаьхьа, сиха марта а дина, Чергизара Хатухшукай кIотаре новкъабевлира накъостий. КушмэзыкъуейгIера тайпанера гIебартойн элийн гуонехь дийнахь аравала а кхераме дацара Кутина, нагахь санна йуьртан йистог толлуш лелаш йолу гIалгIазкхийн тоба кхетахь а. ЙуьхьтIе башлакх оьзна волу иза цхьанна а вевзар вацара, ткъа кхуьнца цхьаьна болу гIебартой махкахь лоруш а, бевзаш а нах бара.

      МаьркIажен бодано ламанийн баххьаш хьулдечу хенахь, кхин новкъахьовзам боцуш, чергизойн кIотаре кхечира ламанхой. Кутина дика йевзара кIотар – иза дукхозза хиллера кхузахь. Хьапагожан кевна кхаьчча, говрашкара биссира ламанхой. Кевнаш схьадоьллуш, араваьллачу къона чергизочунна сиха вевзира нохчийн обарг.

      – Ассаламу Iалайкум! – дегайовхонца маракъевлира цо Кута, ткъа къона ламанхочунна кхин а чIогIа хазахийтира Мисост чергизойн маттахь шега вистхилча. Хьеший Хьапагож волчу чоьхьабевлира. Ша волчу накъосташца Кута веъний, хиъна волу Хьапагож хьалагIатта гIерташ воллура, амма Кутас ца магийра цунна.

      – Ассаламу Iалайкум! Оха пурба ца делла хьуна меттахвала а! – Кутас доггах маравоьллира шен дуй биъна ваша Хьапагож. ГIебартой гина а хазахийтира Хьапагожана. Цунна Мисост дика вевзара. Кутица буьйса йоккхуш цуьнан хIусамехь хиллера иза.

      – Лараме Хьапагож! Кута ша дIавахийта ца лиира тхуна. Чевнаш хиллачу хьоьга хьажа-хIотта вогIуш вуйла хиъча-м мелхо а ца лиира иза ша вахийта. ХIорш вайн вежарий бу хьуна – Тан а, Тембот а! – бовзийтира гIебарточо шен цIийнах нах.

      – Барам боцуш хазахета суна шу гина. Ма дика ду-кх аш сан ваша ша новкъа ца валийтина – баркалла элира Хьапагожа гIебартошна. Кута чергизойн обаргана улло охьалахвелира.

      – Мичахь лазийна хьо? – цуьнан чевнан йозаллех кхета гIертара Кута.

      – Тхайна тIаьхьабевлларш тило гIерташ, балкхархошца цхьаьна Майски станица йолчу агIор дIадуьйладелира тхо, цигара уьш Лаккхарчу Балкхаре гIур бара, ткъа тхо Исламейхула Чергиза дехьадевр дара. Майски станицина го баьккхина, оха кхин дIа некъ беш, тхуна тIаьхьайелира гIлагIазкхийн тоба. Со, сайци кхин виъ ламанхо а волуш, царна кIело йан сецира, уьш совцо. Уьш тхуна улло кхаьчча, оха тIе герз долийра царна, масех стаг говрара вожош. Уьш боьхна, баьржина боллушшехь, оха сихонца тхайчарна тIаьхьа хехкира говраш. Тхуна тIаьхьа герзаш детта долийра гIалгIазкхиша. Суна аьрру белшах кхийтира даьндарг. СКАЧАТЬ