Название: Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь
Автор: Мзия Ратиани
Издательство: Издательские решения
isbn: 9785006072909
isbn:
– Цхьа беза хьеший бу боху богIуш! Ламазаш дина, йууучух кхетта, хье ца луш, дIагIур бу уьш – элира соьга йедда йоьддушшехь несо. Церан хIусам йоккха а, сирла а йара. Кертахь кхин а масех гIишло а йара. Со зударийн агIонехь йара, ткъа тхуна дуьххьал долчу цIа чохь кечамаш бара беш, хьеший тIеэца. Сан башха боккха бала бацара цигахь хуьлучун, амма цIеххьана сан дог тIекIалделира зударийн къамелаш хезча. Цара дийцарехь кхуза богIуш берш Довта-МартантIера нохчий а, гIебартой а бара. Со сихонца кора йисте хьедира. Корах тессинчу кIади тIехьа а лечкъина, ара хьаьжира со. Дакххий кевнаш дIадиллича, чоьхьа велира пхи бере. Ламанхой говрашкара каде охьалилхира, ткъа хIусамдайша дегайовхонца маршалла хоттуш, тIеийцира уьш. Хьешийн тобанна хьалхаваьлла вара леккхачу дегIехь, къоьжа маж а йолуш, тайначу аматехь цхьа ламанхо.
– Марша вогIийла хьо, Маьхьди! Ма дика ду хьуна тхан йуьрта богIу некъ бицбелла ца хилла! – маракхийтира цунна хIусамда.
Со кхийтира сайна гуш верг Довта-МартантIера халкъан чIирхо Маьхьди хиларах. Цуьнан къамел суна дика хезаш дацара. КIеззиг сайна хезначух со кхийтира уьш ламазаш а дина, дIагIур хиларах. Суна гира Маьхьдин йуьхь-сибат. Иза хIумма а дахаро а, дахарехь лайначу балано а гIелдина, къандина дацара. Муьлхха а жимха санна доьналлех воьттина вара иза, ткъа цо дIайоккху хIора а гIулчаца, дIакховдош долчу куьйгаца гуш йара нохчийн къонахчун оьзда амал. ГIодайукъ йихкина долу герз а нисдеш, байн ког боккхуш, чоьхьа велира иза. – соцунгIа йира Цацас, йехха коре а хьоьжуш, синтем бойначу шен къоналлера и ирсе сурт бIаьргашна дуьхьалхIоьттича санна, ойланашка а йахана.
Кутас леррина ладугIура цуьнга. Цхьа тамашийна синхаамо дIалаьцнера обарган берриге а кхетам. Цунна цкъа а хезна дацара муха хилла шен ден а, ненан а довзар. ДIаэхначу замано шен кирхьа диллича санна хетара цунна. Тийналла йохош хезира кхойкхучу молланан мукъаме аз. Кутас Хьамиде корта таIийра, ламаз иэца кечам бе аьлла. Дечиган маьнги тIера сиха охьаиккхира Ремид.
– Ас ламаз дан кхакханаш охьатоссур ду. Мегий? – пурба дийхира цо Хьамиде. Хьамида велакъажарца шел хьалха аравалийтира жимох волу ваша, ткъа ша денанна гIо дира маьнги тIера охьайосса.
Массара а ламазаш диначул тIаьхьа, Зазас стол кечйира. Йовха сискал шен нене дIакховдош, стоьла хьалха охьахиира Кута. Уьш пхьор дина бевлча, берашца йуучух кхета охьалахйелира Заза а. ТIейогIучу буьйсанан боданехь йашна дIайолуш йара маьркIаже. Мехкдаьттанан чиркх а латийна, гIийла КъорIан доьшуш вара Кута, Зазас меллаша неI тоьхначу хенахь. Ша долийна айат чекхдокхуш, корта хьалаайбира цо.
– Бабин дийцаре кхин дIа а ладогIа лууш дара-кх чIогIа со а, бераш а. Кхин ишта аьтто болий ца хаьа цуьнан шен дахарера дагалецамаш бовзийта. Хьуна хIун аьлла хета? – дехарца цуьнан бIаьра хьаьжира Заза.
– Нийса боху ахь! – элира Кутас, КъорIан тарха тIе дIахIоттош. Схьакхайкха ахь СКАЧАТЬ