Название: Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь
Автор: Мзия Ратиани
Издательство: Издательские решения
isbn: 9785006072909
isbn:
Буьйсанан боданехь, чабол болар оьцуьйтуш, дIахехкира Кутас, тешаме накъост хилла шен аьрха – Эла цIе йолу дин. Чов дIайоьрзуш, доьзалан гуонехь дикка садоIуш, хан йаьккхина волу Кута ницкъах, дахаре болчу безамах, сатийсамах вуьзна вара. Чергизара Хатухшукай цIе йолчу ломара йуьрта воьдуш вара Кута, шен дуй биъна доттагIа, чергизойн обарг Хьапагож волчу. Шоптакхан говраш Прохладнера сехьа йохучу хенахь иза лазийна аьлла хезнера Кутина. Карабулакийн латтанийн хьаннашкахула ламанийн кIаже боьдура обарга арабаьккхина некъ. Ассински чIожана тIехваьлла, Джейрахе а кхаьчна, ткъа цигара Несаран гIопана ирхнехьа, ХIирийчоь йолчу агIор вахара Кута. Буро-ГIалина а, Бесланна а тIехваьлла дигорски латтанашка кхечира обарг. Кхузахь цо хьошалла лелош, шортта хIирий накъостий бара Кутин, амма цигахь ца соцуш, кхин дIа ГIебарта некъ бира обарга.
Эла цIе йолчу кхуьнан говрана дика девзара хIара некъаш, цундела буьйсанан йуккъехь атталица чекхлелхара иза мел дуьткъачу ламанан тачанашкахула. Амма Урух хих гечохула болуш, кхуьнан дин цIеххьана терсира. Хетарехь говрана бевзира шен Даймохк. Масех чаккхарма бен генахь ма йацара хIара говр йина а, кхиъна а йолу йурт. Дер дика ма йевзара Кутина Кургакора эцна, эла Шарданов Берда кхунна совгIатна йеллачу говран амал. Кхийтира обарг говран аьрха са Даймехкан хIаваъ девзина терсаш хилар.
Кутина цIеххьана дагатессира ГIебартара Урух хи йистехь йолу Прямая пядь цIе йолчу йуьртара Кургако волчу цо шена цIе тоьхна йитина хIара говр иэца ша веана де. ХIетахь билггал хIара говр иэца цига веана хиллера гIебартойн эла Шарданов Берд а.
– Дер ма ирча тIаьхьалонаш хила тарлора цу дийнан нагахь санна Шарданов Берда шен амал хьалхатоттуш, Кутин биллам тIеэцнехь, говр тарраш тIехь къевссинчун хир йу аьлла, амма гIебартойн эла йаьхь а, кхетам а, лаккхара син-оьздангалла а йолуш хиллера. Цо обаргана совгIатна ийцира хIара дин, цул совнаха обарге шен хьошалла а кховдийра. – Ваха веза цхьаьна дийнахь эла волчу хьошалгIа дика совгIат а иэцна – ойла йира Кутас, ткъа шен динан кхесах дайн куьйг а хьокхуш, элира:
– Шек ма вала хьо, сан тешаме доттагIа Эла! Цкъачуна шортта чекхдаккха дезаш гIуллакхаш ду вайшинан, амма Дала мукъ лахь кестта ас гойтур бу хьуна хьан Даймокх, хьо лерина лелийна волу Кургако а, хьан доттагIий хилла гIебартойн дой а, хьо вина хилла кхал – хьан нана Псыдахэ а. Иза а хир ма йу хьуна сагатдеш…
Аьрру агIор Нальчик а йуьтуш, Кушмэзыкъуей (хIинцалера Баксан гIала) олучу йуьрта хьажийра цо шен говр. Нальчик гIалина шийтта-пхийтта чаккхарма гена йоцуш Iуьллучу цу йуьртахь бехара Кутин ден уллера накъостий. Уьш болчохь буьйса а йоккхуш, жимма садаIа сацам бира Кутас. Обарган ден тешам болу хилла накъостий бара уьш – гIебартойн элий. Кутина хаьара дахарехь муьлхха а чолхе киртиг тIеIоттайелча, царех теша мегар дуй. Буьззина къонахийн а, Кавказан бакъ болчу ламанхойн СКАЧАТЬ