Название: Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь
Автор: Мзия Ратиани
Издательство: Издательские решения
isbn: 9785006072909
isbn:
Ткъа да Кутин иэсехь гуттаренна а виссира къовламе а, буьрса а стаг санна. Кутина дага ца догIура цо ша цкъа мукъне а хьостуш йа маравуллуш. Шерашца къуьйлура Кутас шен деган кIоргенехь и вас, цкъа а цхьанна а иза ца йовзуьйтуш. Дегара ца тоьуш хилла безам а, йовхо а девашас Эзас меттахIоттийра кIентан дахарехь. Обарга цIеххьана шен нене хаьттира:
– Нана, со сан дена дукха везарий?
Кутас и хаттар дуьххьара деллера шен нене, цундела Цаца цецйелира:
– Вай дер везара. И стенна хаьттира ахь?
– Суна цкъа а дага ца догIу, цо со хьаьстина, йа довха дош аьлла… цундела хоьттура ас. Суна чIогIа хала а, буьрса а амал йолуш стаг хетара иза.
– Дер везара хьо цунна чIогIа дукха. Хьо бен кхин дахаран маьIна ма дацара цуьнан кху дуьнен чохь. Iуьйранна хьо самаваларе сатуьйсура цо, буьйсанна хьо дIавижча хьуна са гатлора цуьнан, амма къонахийн ламастехь дац синхаамаш Iорабахар, ткъа и санна къонаха суна сайн дахарехь гина вацара. – цIеххьана шен къамел сацийра Цацас. ТIех лазаме бара дагна сел мерза болу къоналлин дагалецамаш. Йоккхачу стеган йуьхь нуьре хуьлуш сирла йелира, Кутин да хьахийча. Цецйаьлла Заза кхийтира бакъ болу безам замано тишбеш ца хиларах.
– Хьан да шен дахарехь атта адаме лалур боцу бала лайна стаг вара, цундела кхоьрура иза вайшинах къастарна. – йоккхачу стеган хебаршка иэхначу йуьхьтIехула охьахьаьдира бIаьрхийн даккхий тIадамаш. Массо а кхийтира дагалецамийн лазамо Цацин дог Iовжийна хиларах. Эххар а гIайгIане тийналла йохош, йистхилира Бакали:
– Баба, дийцахьа хIун хиллера дадина? Ахь цкъа а ца дийцинера тхоьга цуьнан дахарах лаьцна.
– Дер ду и дукха лазаме, дукха Iовжаме дийцар. – доккха са даьккхира Цацас, ткъа йуха жимма соцунгIа а йина, долийра шен дийцар. – Дуккха а, дуккха а шераш хьалха, оьрсийша къиза дийнера цуьнан пхи бер а, Довта-МартантIехь хазаллица цIейаххана хилла зуда а. Шен дахаран ткъе итт шо чIирана дIаделлера шун дедас. ХIара дуьне гатдинера цо шен мостагIашна. Цуьнан аьтто а баьллера уьш массо а вен, цхьаъ виссалц. И цхьаъ таIзар ца деш витинера цо, цуьнан кегий бераш хиларна.
– Баба, хьуна девзарий и бераш? Тхан ден вежарий а, йижарий? – догцIена велакъажарца хаьттира денене Кутин жимох волчу кIанта Ремида.
– Суна муха бевзар бу уьш? Со хIетахь дуьнен чохь а ца хиллера. – йелайелира Цаца.
– Муха? Хьайн майрчун берел жимох йу хьо? – шен цецйалар ца лачкъийра Зазас.
– Сан майра-м сан дел а вара воккха! – йелакъежира Цаца. Мел лазаме хиларх а, амма дагалецамаша хьоьстура цуьнан дахаро СКАЧАТЬ