Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Мзия Ратиани
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь - Мзия Ратиани страница 8

СКАЧАТЬ нах хилар. Нохчийчоьхь бевзаш болчу Iеламнаха дукха захалонаш кховдийнера сан дега. Цхьаберш духьало йан ца товш хиллал цIейаххана а бара Нохчийчоьхь, амма сан дог къевлина дара, ткъа цуьнан догIа даста церан ницкъ ца кхачарна со ма йацара бехке. Бехке дукха хьолахь сан денана йара. Цо дукха жима йолуш дуьйна дийцинера соьга къонахаллех лаьцна, доьналлех лаьцна. Со жима бер долуш цо туьйранашкара турпалхой буьйцура соьга, ткъа йоккха хилча дуьненахь Нохчийчоьнан цIе йаккхийтина болу турпалхой буьйцура. Шайх Мансур, Имам Шемал, Ташу-Хьаьжи, ШоIайп-Молла… церан цIерш йехара сан синхаамех хьаьгна долчу, къона даг чохь. Ас цаьрца могIаре хIотто мегар долчу къонахчуьнга туьйссура са. Сан ойланашна ца хаьара лаьттахула лела, уьш цу къонахийн сийлалла йехачу стигланан лекхалле кхийдара, церан доьналас дегош хиллачу лаьмнийн ирхенашка кхийдара. Цундела дара суна хала дахаран накъост харжа. – йуха а ойланашка йахара Цаца, ткъа цуьнан дийцаро исбаьхьа туьйрано санна дIалаьцнера массеран а кхетам.

      – Цкъа цхьаьна дийнахь тхоьга хьошалгIа веара ЦIоьнтарара ШоIайп-Моллин кIант Мухьаммад-Хьаьжа. – дIадолийра къамел Цацас. – Иза сан дененан генара гергара стаг вара. Чохь кхин хийра стаг ца хиларна, денанна улло охьахиъна, церан къамелашка ладугIуш йара со.

      – МостагIашна чIир оьцуш, лелаш хиллачу Довта-МартантIера хьан гергарчу стагах хIун хилира? ЧIир эцна ваьллий иза? Маьрша дахаре йуха ца вирзина? – хаьттира сан денанас Мухьаммаде.

      ГIайгIане велакъежира тхан хьаша:

      – Наггахь Нохчийчоьхь а хуьлу иза. Масех бутт хьалха Довта-МартантIехь цаьргахь хьошалгIахь волчу хенахь гинера суна иза. Цуьнца цхьаьна бара гIебартойн элий – вежарий Кучук а, Атажуко а. Заманан йохалла цуьнца нийсса и къиссам дIахьош, цуьнан тешаме накъостий хилла схьабогIуш бу уьш. Уьш болчохь Iаш-вехаш а ву иза-м церан тайпанан йуьртахь Кучмазуковохь. Дукха оьрсийшна чIир иэцна цо бохуш дуьйцу наха, амма кхин а цхьаъ лоьхучух тера ду цара.

      – Маржа-йаI хьо, зама! Ишта стеган хила ма йезара шорта тIаьхье. Эхартахь са паргIат дер ду цуьнан доьзалан, шайх чIир иэцний а хууш. Кхин зуда йалор нисделлий цуьнан? – хаьттира сан денанас.

      – Дер ца хилла. Иза ду-кх доьхнарг. Цуьнан гергарчара чIогIа сагатдо иза тIаьхье йоцуш виссарна, амма зуда йало лаам болуш вац иза хетарехь.

      – Бехк бац цаьрга. И санна долу адамаш шайна хилла ца Iаш, дерриге а къомана а пайдехь ма ду. Сихонца зуда йало йеза цара цунна. – холчухIоьттира сан денана.

      Цхьа тамашийна тIеIаткъам бира сан дагна цу къамела. Дукха ойла йира ас цу ца вевзачу къонахчун. Денанас туьйранашкахь бийцинчу турпалхойх тарвелира суна иза. Мила ву и дерриге а нохчийн къоман сел ницкъ болчу мостагIчунна чIир кхайкхинарг а, и чIир иэца аьтто баьлларг а?

      Масех дийнахь хьийзара сан коьртехь цунах йолу ойланаш. Эххар а денене хаьттира ас:

      – Баба, мила ву Мухьаммад-Хьаьжис вийцина Довта-МартантIера и стаг? ХIун хиллера цигахь? Стенна чIир оьцуш ву иза?

      Цу дийнахь хиира суна сайн дахарехь СКАЧАТЬ