Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Мзия Ратиани
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь - Мзия Ратиани страница 2

СКАЧАТЬ сатийсина йолу 3-гIа том. Эрна билгалйаьккхина йац оха – автораша кхоалгIа том «Обарган новкъахь» аьллачу цIарца. Кху агIонашкахь литературни башха исбаьхьаллин маттаца гайтина мел чолхе хилла обарган некъ. Кхузахь йешархочун аьтто хир бу Кутин дахар ма-дара довза, цуьнан да-нана цхьанакхеташ, цара долийна кIоргечу, замано зийначу безаман жайна деша. КхоалгIачу томан коьрта башхалла йоьзна йу кху агIонашкахь йешархочунна йовзуьйтур йолчу хIинцалц цхьанна а йевзина йоцу Кутин дахарера шатайпа кийсагаш. Къаьсттина билгалдаккха деза мел йоккха меттиг дIалоцуш хилла цуьнан дахарехь зудчо. Кху агIонашкахь вайна хуур ду Кутин обарган некъ уггаре а хьалха цуьнан нанас къобалбина хиллий. Цуьнан Iилма а, кIоргера кхетам а бахьана долуш хууш хила Кутина нохчийн маттал совнаха Iаьрбойн а, тюркийн къаьмнийн а, иштта гуьржийн а, оьрсийн а мотт хууш хилла. Нохчаша халкълахь Воккха Хьажи олуш хиллачу Сесанара Ташу-Хьаьжин кIентан йоIа Цацас дагахь КъорIан хууш хьафиз ша хиларе терра, дукха жимчохь дуьйна бусулба динаца а, Iаьрбойн маттаца а цкъа а йовр йоцу уьйр кхоьллина хилла шен кIентан. КхоалгIачу томехь хуур ду вайна го обарган новкъа вала Кутина и некъ баьккхинарг хиллий Кутин да – Маьхьди, ткъа цо халкъана чIир оьцуш, йукъ йехкаран бахьана доьзна ду оьрсийн а, нохчийн бIешерашца лаьттачу мостагIаллица, бIешеран йохаллехь империс нохчийн къомана тIехь латтош хиллачу къизаллица, уьш охьатаIо, къарба цо лелош мел хиллачунца. Кхузахь вайна йуха а го мел доккха маьIна ду адамалла бохучу дешан, хIунда аьлча адамаллин цхьаьна а кепара дозанаш дац. Лаккхара адамалла, син-оьздангалла йолчу йаьхь йолу нах кхолламан майданехь нисбалар бахьана долуш, аьтто болу Кутин Iедалан таIзарах кIелхьарвала.

      ХIара дешхьалхе дIайолош, уггаре а хьалха суна билгалдаккха лаьа, кху книгин коьрта турпалхо нохчийн бакъ волчу къонахчун вастехь доьналла а, майралла а, таханлерачу дийнахь бийца бух а болуш а, тIаьхье а йолуш, тIарикъатан новкъахь а хилла, бусулба динан кIоргера баххаш девзаш, ламаз-марха а долуш, луларчу къаьмнийн меттанаш а хууш, цаьрца доттагIаллин йукъаметтигаш а лелош, нохчийн къоман исторехь йовр йоцу лар йитина стаг хилар. Довта-МартантIера обарг Кутех лаьцна, цхьацца бахьанашца нохчийн йукъараллехь цкъа а шуьйра дуьйцуш хилла дац. Ткъа и бахьанаш вайна ма-хаьара оьрсийн Iедало даима кхуллуш хилла. Нохчийн иэс самадаларан кхерам гуттаренна а хилла оьрсийн Iедалехь.

      «Кавказан баххьаш» цIе йолчу кху шатайпа кIоргера жайнахь йешархочунна карор йу Кавказан къаьмнийн а, иштта нохчийн къоман дахарера а хIинцалц шена йевзина йоцу агIонаш. Ратиани Мурмана шен архивашкахь йозанца гулбеш хилла шайн дахар ца кхоош, нийсонан а, диканан а новкъахь лаьтташ хиллачу Кавказан бакъ болчу турпалхойх лаьцна массо а хаамаш. Амма, хала хеташ делахь а, Мурман дуьнен чуьра дIавахана шен йозанашна чакххе йан а, зорба тоха а ца ларош, амма доккха ирс ду Мурманан кхоллараллин некъ ца хадийта, цуьнан йоI Мзия хилар. Иза бахьана долуш, аьтто баьлла вайн тахана, Мурманан архивехь пайда а оьцуш – цуьнан йозанашна тIехь болх бан а, хIара жайна зорбане даккха а.

      Кху жайнан тIехь бан беза болх хIинца бина баьлла, амма кестта йешархойн аьтто бер бу йоьалгIа том йовза а. КхоалгIачу томан хIора а агIонехь йешархошна бевзар бу дIаэхначу шерийн исторически хиламаш, маршо а, паргIато а къуьссуш хиллачу турпалхойн майра ойланаш, церан синхаамаш, лехамаш. Со воккхаве кху жайни тIехь мехала дакъа дилла сайн аьтто баларна.

      Амма ала догIу – ширачу СКАЧАТЬ