Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Мзия Ратиани
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь - Мзия Ратиани страница 18

СКАЧАТЬ муха ду хьоьгара хьал? Чевно сагатдеш-м вац хьо? – хаьттира хилларг хIун ду хаьа сатесна волчу Кутас.

      – Сингаттаме хIумма а дац. ХIусамнана цIа кхаьчна. – шега делла хаттар тергал ца дан гIертара Хьапагож.

      – Дика ду тIаккха, сингаттаме хIума ца хилчхьана, амма нагахь санна цхьаъ хиллехь, тхоьх лечкъо ца оьшу хьуна. – элира Кутас, ткъа цо аьллачух реза хилла, кортош теIош бара гIебартой.

      Накъосташа къамел дечу хенахь, чоьхьайелира Сююмбике. Шен хIусамден накъосташна тIейахара иза:

      – Кута, марша вогIийла хьо! Хазахета хьо а, хьан накъостий а тхан хIусамехь гуш. Со цIахь ца хиллехь а, шуна дика хьошалла дина хир ду аьлла тешна йу со. – дукха йилхина, цIийделла бIаьргаш лечкъо гIерташ, йуьхь тIе йовлакх уьйзура зудчо.

      – Хьо а йогIийла маьрша, сан йиша. Хьапагожа элира тхоьга хьо ден цIа йаханера аьлла. Муха Iаш бу вайн гергара нах? ХIун ду ногIийн арахь? – хаьттира обарга, зудчун бIаьра а ца хьожуш.

      – Дика ду ша дерриге а. Сан да-нана а, тхан гергара нах а Каспийн уллохь бехачу ногIийн тойне бахана. ЦIахь цхьа а вац. – Сююмбике къаьхьачу къурдашца сецо гIертара бIаьрхиш, амма кхин са ца тохаделла, мелачу догIанца охьайилхира зуда.

      – Хилларг хIун ду? Тхоьгара гIо оьший? – хаьттира Мисоста. Цхьа а вист хуьлуш вацара. Эххар а тийналла йохош, Хьапагожа элира зудчунга:

      – Царна иза ишта а хуур ду, цундела дIаала мегар ду хьуна.

      Сююмбикен совнаха дош ала а ницкъ ца хуьлура, амма хIете а йелхаран къурдашца долийра цо шен къамел:

      – Да-нана цIахь доцуш, хIусаман терго йан йаханера со ден цIа, ма-дарра аьлча жимох волчу вешин терго йан. Цуьнан вуьрхIитта шо ду. Кхин бер хир дац аьлла дог диллинчу хенахь, Дала совгIатна велла ву иза сан дена а, нанна а. Цхьаъ бен воцу кIант йоI-бIаьрг санна ларвеш ву дас-нанас. Цара-м иза тойне а ца вигна, новкъахь цхьаъ хиларна кхоьруш. Сан ден а, ненан а дахаран маьIна ду сан жимох волу ваша. Цунна цхьаъ хилахь, цаьрга лалур дац иза. – йуха а йелхайолайелира Сююмбике, тIаккха йистинчу йуьхьтIехула бIаьрхиш дIасахоькхуш, кхин дIа дийцира зудчо шайна тIехIоьттинчу киртигах лаьцна:

      – Армавирехь аьчка некъ буьллучохь болх беш бу цхьа болу ногIий. Йуьхьанцара лур ду аьлла долу алапа луш дацахь а, амма кхин болчу белхашкахьчул совнаха хуьлу церан алапа. ТIаьхьарчу кхаа баттахь алапа делла а дац царна. Шаьш къахьегна даьккхина рицкъа деха вахана хилла цига масех стаг. Царна йиттина, ткъа цхьаъ дIалаьцна. Цунах лаьцна сийсара хиънера сан вешина. НогIийн тобанца цхьаьна, тхан махкахо маьрша ваккха Армавире вахана иза. Уьш цига кхочур буй хууш, цаьрга хьоьжуш хиллера бухахь берш. Гуо лаьцна, къиза йиттина царна. Сан вашас герз тоьхна. Цунна а кхетта герз. Цунна чевнаш йина хила тарло, йа иза-м дуьнен чохь вуй а ца хаьа! – шийлачу маьхьарца дехьа чу дIайедира Хьапагожан зуда. Тийналло дIалецира чоь. Кхузахь чергизочун зуда схьайалош веана ураковски масех ногIи а вара.

      – Шуна йукъахь цхьа а вуй Армавирехь царна кIело йинарг мила ву хууш? – хаьттира ногIийшка Кутас. Царех цхьаммо жоп делира, Кута а, Мисост СКАЧАТЬ