Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Мзия Ратиани
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь - Мзия Ратиани страница 17

СКАЧАТЬ безаш болу дагалецамаш.

      – Иза сан дахарера шатайпа хилам бара. Цуьнан орамехь Кавказан къаьмнийн доттагIаллин гIиллакх ду. И гIиллакх лело а, ларда а деза вай массара а! – элира Хьапагожа, маьнги тIехь хьалахууш.

      – Пхийттара ваьллачу дийнахь дуьйна вайн мостагIашца къиссам латтош ву со. ВуьрхIитта шо долчу хенахь, голех чов йинера суна. ХIетахь дуьйна виссина со астагIа. Цундела олуш ду соьх халкълахь астагIа Хьапагож – велавелира чергизойн обарг, ткъа йуха лерина хьешашка а хьаьжна, дIадолийра цо шен къамел.

      – ХIетахь Кавказехь со дика вевзаш жима стаг вара. Цхьаьна дийнахь, Бесленейхь Iаш болчу сайн ненахойн тойнехь суна йевзира исбаьхьа хаза йоI. Иза хиллера ногIийн эланан йоI. Ханна чIогIа жима йара иза, амма цуьнан хазалло бен доцуш ца вуьтура цхьа а. Цу тойнехь со вуй хиъча, со шена гайта аьлла дехара дина хиллера цо. Соьга сиха хаам бира Ураковски ногIийн эланан йоI, хазаллица цIейаххана йолу Сююмбике йу аьлла со ган лууш. Цу дийнахь девзира тхойшиъ. Цул тIаьхьа наг-нагахь цхьацца тойнашкахь гар нислора. Ма-дарра аьлча, тхан дегнаш вовшашка кхийдара. Цунах лаьцна хиъначу Сююмбикен дас дIахьединера шен йоI элийшка бен маре йаха мегар дац аьлла, ткъа со-м шуна хууш ма хиллара маьрша чергизо ву. Сан тайпанна йукъахь цкъа а ца хилла йа элий а, йа леш а. Со-м дог диллина Iаш вара, амма Сююмбике ца хиллера йухайер йолуш. НогIийн арахь хьоькху мох санна чехка йара йоьIан амал. – велавелира Хьапагож. Цуьнан бIаьргийн лепарехь хIинца а гуш бара хIусамнене болу безам. – Тхойшиъ тIаьххьара гиначу хенахь, Сююмбикес суна эхь дуьллуш, эли-кх – Кавказехь цIейаххана обарг вац хьо? Хьайга луш ца хилча, йадийна йаккха йеза-кх! Ас сайн накъосташца йадийра Сююмбике. ХIетахь доладелира ша дерриге а. ЙоьIан лаамца, иза Хьапагожана йалийна аьлла хаам эцна бахийтина геланчаш, ногIийша лелхийнера, ткъа тхуна мостагIалла кхайкхийнера. Сан ненахой – Бесленеера элий а гIоьртира суна гIо дан, амма церан а гIуллакх ца хилира. НогIийша шайн йоI цIа йалайе бохура, ткъа Сююмбике цIа йаха туьгуш йацара. НогIийшца барт бан аьтто бео боций хиъча, Бесленейра къаночо сацам бира нохчашка гIо деха. Цо кехатаца геланча вахийтира Имам Шемалан наиб хилла волу Довта-МартантIера Эза волчу.

      НогIийн коьрта къано Эзин доттагIа вара, кест-кеста чIинхой болчохь хьошалгIахь хуьлуш а, цара чIогIа лоруш стаг а вара. Амма хала хеташ делахь а, Эзин аьтто ца белира тхо долчу ван, ткъа шен метта цо шен вешин кIант, хIинцале Кавказехь дика вевхаш волу обарг Кута ваийтира. Цо Бесленей Эзера кехат деара. – дегайовхонца Куте хьаьжира чергизо. – ХIетахь цо Эзера кехат ногIийн Ураковски тайпанера къаночунна а деара. Суна-м хIетахь моьттура кху жима стаге муха дерзалур ду Бесленейра элийшка а ца дерзалуш долу дов. Кута-м Кавказехь вевзаш вара, адыгийн йукъараллехь къаьсттина чIогIа ларам болуш а вара, амма хIете а уьш дахарехь зеделларг долуш, дуьне диъна къаной бара. Амма со гIалатваьлла хиллера. НогIийшца барт барал совнаха, Кутин аьтто белира цаьрга тхан къоначу доьзална латта билгалдайта а. – доккхачу баркаллица, дегайовхонца шен дуй биъначу вешин бIаьра хьоьжура хIинцалц къовламе а, буьрса а амалца къаьсташ хилла чергизойн СКАЧАТЬ