Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров страница 16

Название: Дарц

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Издательство: Автор

Жанр:

Серия:

isbn:

isbn:

СКАЧАТЬ стаг ма ве, ма боху Цо. Бусалба стаг вийначунна Ша гечдийр дац, цунна кечйина жоьжахате йу, иза цкъа а оцу чуьра хьалавер вац, ма боху Дала. Ткъа аш, шинне а агIорхьарчара, байъинарш Делах а тешаш, Далла Iамал а йеш болу бусалбанаш бу. ХотIе а доцуш, хаа а хууш бусалба стаг вийнарг вен магадо бусалба динехь. Куьг бехкениг. Ткъа аш, шиний aгIopхьарчара, куьг бехке боцу нах байъина. Аш къена Элсан вийна, ткъа цара къена Хьамза вийна. ТIаккха аш иштта Iадод вийна. Бехкениг къастош, шариIатехь кхел йича бен, шун бакъо ма йацара и адамаш дайа. МостагIчун цIийнах, тайпанах хилчахьана, шайн аьтто баьлларш байъина аш. Бехке боцурш а. Церан жоьра зударий бисина, бобераш дисина. Наной, хIусамнаной, йижарий, бераш делхийна. Ткъа бахьана хIун ду? Дала, пайхамара, шариIато гайтинчу новкъара йуьстахдовлар. Дала бохург вай дахьара, Цо гайтинчу цIенчу, нийсачу новкъа вай дIагIертахьара, вай ийманехь нислахьара, вайна хуьлуш долу дуккха а зенаш-зуламаш, бохамаш, баланаш хир ма бацара, Зеламха. Паччахьан Iедал бехке до ахь. Иза нийса ду. Иза керста, оьрсийн Iедал ду. Иза къинхетам боцуш, къиза, йамарт Iедал ду. Оьрсийн паччахь ницкъ болуш ма ву. Царна хIун ду нохчаша, бусалбанаша вовшийн байарх? Иза царна луург ду. Цхьажимма а вай бахьана далийтича, набахти кхуьйсу, Сибрех дохуьйту. И бахьанаш дийлийта вайна йукъа питанаш туьйсу. Ткъа вайна и бахьанаш ца дийлийта, лардала ца хаьа. Нагахь санна, Дала, пайхамара, бусалба дино бохург а деш, вай ийманехь нислахь, Дала вай зенех-зуламех, бохамех, баланех лардийр ду, Делера орца а, къинхетам а хир бу, вайн дуьне а, эхарт а декъал а хир ду. Иза иштта хилийта, Дела ницкъ болуш а, къинхетаме а, комаьрша а ву. Амма ийманехь вай ца нислахь, дуьне а, эхарт а декъаза хир ду вайн. Цуьнан цхьа а тайпа шеко йац.

      3

      И къамел хиллачул тIаьхьа тайп-тайпана ойланаш йора Зеламхас. Ша хаъал хилчахьана чIогIа Делах тешаш а, чIогIа Делах а, къематдийнах а кхоьруш а, шена ма-хуъу, шен ницкъ ма-кхоччу, Далла Iамал йеш а вара иза. Хьанала къахьоьгуш а, хьарамчух ларлуш а вара. Перз ламазел а, марханел а совнаха ламазаш а дора, марханаш а кхобура. Шайн даьхнина а, йалтина а тIера закат а, мискачарна caгIa а лора. Ша цIена бусалба а хетара цунна. Амма Соип-Моллас дийцинчуьнга ладоьгIча, ша цIена бусалба хиларх шекваьллера иза. Шайн доьзалшна хиллачу бохамашна Далла хьалха а, доьзалшна хьалха а ша бехке а хийтира цунна. Оцу итт дийнахь шен ламазаш тIехь Деле шена гечдар, шен доьзалшна къинхетам боьхура цо.

      Амма паччахьан Iедалца а, оцу Ведана-гIопехь, тIулгийн лекхачу, стаммийчу пенашна тIехьа а левчкъина, кхузарчу мискачу адамашна тIехь харцо, къизалла латточу оцу хьакхарчашца а, церан йалхой хилла лелачу нохчийн заддашца а машар а бина, къарвелла саца ойла а йацара. Цаьрца машар муха хуьлу, цхьаннахьа а гуш нийсо ца хилча, гобаьккхина лелаш харцонаш, йамартлонаш хилча. Нуьцкъалчо гIорасизниг хьоьшу. Хьолахочо къениг вацаво. Хьекъалечо боданениг Iехаво. Iеламнаха бусалба дин шайна пайдехьа дерзадо, уьш дукхахберш паччахьан Iедална, хьаькамашна бохкабелла. ГIорасизчун, къечун, гIийлачун, мискачун цхьа а тайпа бакъо йац. Iедална а, хьолахошна СКАЧАТЬ