Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров страница 12

Название: Дарц

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Издательство: Автор

Жанр:

Серия:

isbn:

isbn:

СКАЧАТЬ къевлина, хьовзош букъа тIехьа дихкина куьйгаш а, пхьаьрсаш а, белшаш а лозура Соипан, Веданна гена мел волу. Амма и лазарш дицдора дагна деттачу лазарша. Шена тIеxь лелийнчу харцонна, ша сийсазварна дуьхьало йан, оцу Делан мостагIех бекхам эца шегахь ницкъ бацаро сабIарздинера цуьнан, корта хьере бинера. Цхьана минотана а бIаьргаш хьалхара дIа ца долура тIаьххьара а цунна гинчу декъазчу ненан сурт. Хаддаза лерехь декара цо Iадийна хьоькхучу маьхьаран аз. Дагаоьхура xIокxуьнан дех Болатах а, цуьнан дех-ненах а лаьцана Iаьнан шийлачу, йехачу буьйсанашкахь нанас дийцинарш. Ден да а, ден нана а хIокху Делан мостагIаша махках даьккхина, кхелхина дахана, генарчу, хийрачу Хонкарахь дIакхелхина. Оццу Делан мостагIаша лаьцна, Сибрех вахийтина хIокхуьнан да а доьза вайна. ХIинца хIapa ша цунна тIаьххье дIавохуьйтур ву. Шен ойла-м ца йора Соипа. ЦIахь цхьа йуьсучу къеначу, декъазчу ненан ойла йо. Цуьнан дола дан xIокху шиннан а вежарий, шичой, маьхчой бац. Шелахь ден цIийнан нах бу. Уьш генахь бу. Геннара гергара а бу. Цхьа йисина цуьнан къена нана. Йаьссачу, къечу, мискачу хIycaмexь. Цунна рицкъа хьан латтор ду, цомгаш хилла, къанйелла кIелйисча, цуьнга мила хьожур ву?..

      БIаьргаш хьабдича, уггар а карладуьйлура цунна и гIайгIане суьрташ. Къамкъарге шеддаш хIуьттура. Кийра, цIе хьийзаш, карзахбаьллера. КIез-кIезиг хуьлуш, вада сацам хилира цуьнан. ХIокху лаьмнашна, хьаннашна йукъара аренга валале. Сиржа-Эвлара дIа шера аре йу. Хьаннаш-м хьовха, атталла варшаш а йоцуш. Цигахь, ведча, къайлавала меттиг бац. Вада веза. ХIинца Соьлжа-ГIала дIавигча, тоьпаш тухур йу цунна йа ирхъуллур ву, лаххара а таIзар Сибрех вахийтар хир ду. Итт, ткъа шарна. Йа йерриг а оьмарна. Шен дена санна. Шен да санна, цигахь доьза вовр ву иза. Цигахь велча, гаурша дIавуллур ву, къена жIаьла санна. Дийна висина цIа верзахь а, хIокху Делан мостагIийн лай хилла ваха веза. Цул валар гIоле йу. ХIокху ша винчу лаьмнашкахь. Iожалла йелахь, лийр ву, йацахь, Делан къинхетамца, Делан гIоьнца кIелхьарвер ву. КIелхьарвалахь, обаргех дIакхетар ву иза. Шен ден да-нана махках даьккхинчарех, шен да Сибрех вахийтина, хIаллаквинчарех, шен нана а, ша а дакъаза даьккхинчарех бекхам оьцуш.

      Соипа къайллах бIаьрг туьйхира салташка. Шиъ тIехьа, шиъ цунна дуьхьал а вирзина, хиъна ву. Йуьйлина тоьпаш а йу, голашна йуккъе а хIиттийна, каралаьцна. ПхоьалгIаниг, говрийн архаш лаьцна, хьалха ву. Цхьадика, когаш ца бихкина Соипан. Амма и виъ салти сема хьоьжу цуьнга. Къаьсттана некъана кIел aгIop хьун йаьлла басеш йолчохь.

      ГIудалкх ишттачу меттиге нисйелча, цIеххьана хьала а иккхина, цу тIера чу а кхоссавелла, басехула охьа хьуьна чу ведира иза. Маьхьарий а детташ, цунна тIаьхьахьаьлхира салтий. Соип хьуьна чу вуьйлира, амма дихкинчу куьйгашца гена ца валавелира. ТIекхиъначу шина салтичо схьалецира иза. Соип когашца дуьхьало йан гIоьртира. Амма иза гIийла, эрна дуьхьало йара. Набахтехь йаьхначу буьйсанаша, мацалло, ойланаша гIopa эшийнера цуьнан. Шина салтичо, пхьаьрсаш лаьцна, текхош, басех хьалаваьккхира иза. Цигахь лаьтташ важа ши салти а вара. Шозза-кхузза букъах тоьпан бух а тоьхна, когаш а бихкина, айъина, гIудалкх чу кхоьссира цара Соип…

      5

      ГIудалкх ши бIе гIулч гepгa кхаьчча, бIаьргашна тIелаьцначуьра турмал дIа а йаьккхина, Абубакаре вистхилира Аюб:

      – Хьо кхузахь саца. Со царна дуьхьалволу. СКАЧАТЬ