– Кестта иза Соьлжа-ГIала дIавуьгу бохуш, хабар ду. Цига дIавигахь, суьдо вен кхел йийр йу цунна. Вуьйр ву. Йа шен оьмарна Сибрех каторге вохуьйтур ву. Лаххара таIзар – 20–25 шо хан тухур йу. ТIаккха, шен да санна, Сибрехь доьза вовр ву иза. Соип дIаваьлча, церан цIийнан кIур бов. Нагахь санна, шайна зен-зулам а ца хуьлуш, и кIант кIелхьарваккха аьтто хилахь, Соьлжа-ГIала дIавуьгуш, новкъахь иза кIелхьарваккха хьовсийша.
Зеламхас дош делира Соип-Моллина оцу тIехь шен ницкъкхочург дан.
2
Оцу дийнахь Зеламхе гIайгIане ойланаш йойтуш, къамел хилира цуьнан Соип-Моллица. Зеламхас шегара бала балхийра цуьнга. Бехк-гуьнахь а доцуш, шайна тIедеана мостагIалла а, Iедало зударшца, берашца цхьаьна йуьртах арадаьхна, акхарой санна, лаьмнашкахула, хьаннашкахула лечкъаш, шаьш кхерсташ лелар а.
– Гой хьуна, Зеламха, Дала ваьшка ма де бохург а дой, иза ваьшна бохаме даьлча, Делан кхел йу лелларг, олу вай, йа бехк цхьаьннан коча бохуьйту. Шайна хиллачу бохамашна ахь ЭлсангIар бехке бо. Шайга хаьттича, ЭлсангIара шу бехке дийр ду. Ткъа бехке шу шинне агIорхьарнаш ду. Дала бусалба адамашна гайтинчу цIенчу, нийсачу шариIатан некъа тIера девлла лелла шу. IалайхIи салам, Мухьаммад-пайхамарехула бусалба адамашна Къуръан доссийна Дала. Оцу Къуръанца Мухьаммад-пайхамарехула Дала ши некъ гайтина бусалба адамашна. Цхьана агIор – диканиг, оьзданиг, адамашна пайдениг, хьаналниг, къинхетамениг, стеган дуьне а, эхарт а декъала хир долу, уьш зенех-зуламех, бохамех ларбийр болу гIуллакхаш а, гIиллакхаш а. Оцу новкъа ваханарг Ша зенех-зуламех ларвийр ву, Ша цунна гIо дийр ду, боху Дала. ШолгIа некъ гайтина Дала, оьзда доцу, боьха, хьарам, къиза, адамашна зуламе, бохаме хир долу, церан дуьне а, эхарт а декъаза хир долу гIуллакхаш а, гIиллакхаш а гойтуш. Оцу шолгIачу новкъа ваханчу стеган шегарчу къинхетаме, гIоьне, орцане догдохийла йац, Ша иза зенех-зуламех, бохамех ларвийр вац, цуьнан дуьне а, эхарт а декъаза хир ду, боху Дала. Дала ваьшна, перз дина, тIедехкина ламаз а, марха а, закат а, сагIа а леладо вай, амма Дала бусалбанашна тIедехкина важа декхарш кхочушдан ца хаьа йа ца лаьа вайна, оцу ас бийцинчу шина некъа тIехь галдуьйлу вай. Уьш дерриг а дийца воьлча, дукха хир ду, цундела хIокху шуна хиллачу бохаман бахьанаш дуьйцур ду ас. КIанта зуда йалор а, йоI маре йахар а муха хила деза, майрачун а, зудчун а, доьзалан а йукъаметтигаш муха хила йеза, церан декхарш хIун ду, уьш дерриг а гайтина СКАЧАТЬ