Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров страница 18

Название: Дарц

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Издательство: Автор

Жанр:

Серия:

isbn:

isbn:

СКАЧАТЬ а араваьккхира дас. Хьайн мезех буьзна вежарий болчу, Iаьлбаг а, Васалан Юсуп а, МIаьчиган Коьра а волчу дIагIо аьлла.

      ХIетахь къена дара Овхьадан да-нана. Вежарий Асхьаб а, Iабди а, йиша Ровзан а йара. Да-нана дийна хир доцийла хаьара цунна. Оьрсийн-туркойн тIаме вахана Асхьаб дийна цIа вирзиний а, ца хаьа. ХIетахь Гати-Юьртара виъ жима стаг вахара оцу тIаме. Товсолта-Хьаьжин Хьуьси а, Борахин СаьIад а, Сатун Солтха а, Асхьаб а. Ровзан а, Iабди а жима дара Овхьадал. Оцу шиннан доьзалш а хир бу. Ткъа Овхьадан зуда а ца хилла. Хир йу ала а, ца хаьа. Иштта цхьалха къанлур ву, лийр ву иза. ТIаьхье а ца йуьтуш.

      Овхьадана дагаеара шена дуьххьара йезаелла йоI Деши. Овхьадан дуьххьарлера а, тIаьххьара а безам. Гати-Юьртахь-м хьовха, цунна гондIарчу йарташкахь а цIейаххана хаза йоI йара иза. Дуткъачу, лекхочу, куьцечу дегIахь. Когийн хьорканаш тIехIуьттуш йеха, йуькъа, Iаьржа месаш. Iаьржа бIаьргаш, царна тIехула, цхьана говзачу куьйго лерина дехкича санна, хаза цIоцкъамаш. Аз дара цуьнан цхьа тамашийна кIеда, эсала, хьастаме, ца кIордош, даим дIа ладегIа дог доуьйтуш. ХIокху тIаьхьарчу ткъе вopхI шарахь даим Овхьадан бIаьргаш хьалха лаьттара оцу йоьIан сибаташ, васташ, лерехь декара цуьнан аз.

      ХIетахь БуритIахь доьшуш вара Овхьад. Цкъа хьажахIотта цIа веача, хин коьрте а вахана, йоIе шен дагара дийцира цо. Амма Дешис тIе ца лецира цуьнан безам. Хьо хьал долчу нехан кIант ву, ткъа ша къечу, мискачу нехан йоI йу. Цкъа-делахь, хьан да-нана, нах реза хир бац къечу доьзалера йоI шайн кIантана йига. ШолгIа-делахь, шун хьал а, шайн къелла а цхьаьна йогIур йац, шун кертахь гIарбашан хьолехь йаха шена а луур дац. КхозлагIа-делахь, ша а йезаш, шена а везаш, ша санна къен-миска Болат ву, элира.

      Цхьа а тайпа шалхо йоцуш, шен дагахь ма-дарра цо шега дийцарна, Дешина баркалла а аьлла, хин коьртера дIавахара Овхьад. Цул тIаьхьа дуккха а хан текхира цо, кхачанах а хаьдда, буьйсанна наб ца кхеташ, кийра батталуш. Дукха хан йалале Болате маре йахара Деши. Цул тIаьхьа цхьана а йоIе безам ца бахара Овхьадан. Йа мехкаршца уьйр таса а, сакъера а хан а ца хилира. Нохчмахкахь гIаттам болабелча, цуьнан кIуркIамане нисвелира иза. ГIаттам хьаьшна чекхбаьлча, Гуьржех вахара. ГIаттаман декъашхошна, атталла цуьнан куьйгалхошна йукъахь а дуьненан Iилма хууш кхоъ бен стаг вацара. Берса а, Iуммин Дада а, хIapa Овхьад а. Берса цомгаш, къена вара. Дада гIаттаман шийтта куьйгалхочуьнца цхьаьна ирхъоьллинера. Берсас шена тIекхайкхира Овхьад. Хьо къона а, хьекъале а, Iилма долуш а ву, хьо вайн къомана оьшур ву, Iедалан кара гIахь, хIаллакьхир ву, цундела хIокху махкара дIавала, элира цуьнга. Гуьржехара шен хьеший болчу дIахьажийра иза Берсас.

      5

      Шоьнана а, ТIуртIи-КIотарна а йуккъехь, Коьжалка-Дукъахь, малх чубуьзначул тIаьхьа, хьуьнна йуккъехула болчу новкъахь Овхьадана хьалха нисйелира гIаш цхьанхьа йоьдуш зуда. Цуьнан белшех кхозуш таьлсаш дара, букар а хьаьвзина, цхьанна гуш боцчу ницкъо ийзош санна, техкаш, гIаж гIертош, халла когаш бохуш йоьдура иза. Некъ цхьана жимачу ирзо тIе баьлча, соцунгIа а хилла, дIаса а хьаьжна, тIуьначу лаьтта охьахиира СКАЧАТЬ