– Гати-Юьртара.
– Цигара хьенан, мила йу хьо?
– Сан да вевзар вац хьуна. Ткъа шо хьалха дIакхелхина иза. Халид йара цуьнан цIе.
Овхьадана дагавогIу Халид. Къен-миска, оьзда, доьналле къонах. Цуьнан йоI йара Деши.
– ЦIе хIун йу хьан?
– Деши.
Деши… Овхьадан дуьххьарлера а, тIаьххьара а цIена, боккха безам. ТIаьхьа цуьнан уггар тешамечу, майрачу, оьздачу доттагIчун, бIаьхаллин накъостан Болатан зуда. Болате маре йаханчул тIаьхьа Овхьада шен нус, йиша лийрина Деши…
Ткъе ворхI шо хьалхалерчу вастех а, сибатех а лар ца йисина хIинца цунна улло йаьлла, халла гIулчаш йохуш йогIучу зудчун. Деши ши шо жима йара Овхьадал. Хебарша аьхна оза, йеха йуьхь. Ло санна, кIайн гиччош. Букархьаьвзина букъ. Хьех чукхетта, кхоьлина, гIайгIане бIаьргаш. Йишхаьлла, гIopгIa аз. ХIун баланаш, бохамаш бу-те xIapa хеназа къанйинарш? Болат лаьцна, Сибрех вахийтар-м хаьара Овхьадана. Цигара цIа ца вирзина-те иза? КIант лаьцна. Болат дийна хилча, xIapa Деши Веданахула кIантана тIаьхьайаьлла лелара ма йацара…
Хьалха воьду Овхьад, саца а сецна, Дешина тIевирзира:
– Со вевзар варий хьуна, Деши?
Деши леррина цуьнан йуьхь-дуьхьал хьаьжира.
– Ца вевза суна.
– Овхьад ву со, ХортIин кIант.
Йуха а цкъа леррина хьаьжча, оцу стеган йуьхь-сибаташ, лер а Овхьадачух тера хийтира Дешина. ТIаккха шен карара гIаж охьа а тесна, мара а кхетта, Овхьадан некха тIe корта а таIийна, са уьйзуш, шен дог Iаббалц йилхира иза. Дешин озачу букъах дай куьг а хьоькхуш, цунна маслаIат дан гIертара Овхьад. Амма Дешина ца хезара цо дуьйцучух цхьа а дош. ТIаккха Овхьад ша а сецира, вист ца хуьлуш. Бераллехь дуьйна хи ца даьлла цуьнан бIаьргаш цкъа тIунделира, логашад хьала-охьа сихбелира, бIаьргаш чуьра комаьршша хиш охьахьаьлхира. Оцу цхьана минотехь цунна хьалха хIиттира къиза тIом, йогу йарташ, бIаьхойн, зударийн, берийн декъий, хьере хилла Iоьху даьхни, yгIy жIаьлеш, бIарзделла хьийза адамаш а. Iаьлбаг, Iумма, Берса, Болат, Къайсар, Коьра, Дада. Къена МIаьчиг а, Васал а. Царах цхьа а дийна вац. Байъина, белла, Сибрехь доьза байна…
ХIокху декъазчу Дешин санна, Овхьада ткъе ворхI шарахь кийрахь сецош IaьIнa къаьхьа бала, кийра буьзна, тIехбеана хьалагIоьртина, легашкара дуьхьало а хадийна, узаршца схьахецабелира. Деши мара а къевлина, шен дагна маршо йелира цо. Белшаш йегош, гIapa йоцуш, тийна вилхира иза. Бераллехь дуьйна тховса дуьххьара…
6
Овхьадана хатта лууш а, хаа лууш а дуккха а дара. Амма Дешин деган чевнаш ша карзахйахарна кхоьруш, хеттарш дан ца хIуттура. Йилхина, шен дог а Iабийна, Дешис ша дийцира цунна оцу ткъе ворхI шарахь Гати-Юьртахь хилларш а, лелларш а.
– ГIаттам хьаьшначул тIаьхьа, дуккха а нах лоьцуш, Болат а лецира. Дуьххьара Ведана вигира, тIаккха – Соьлжа-ГIала, цигара дIа БуритIа а вигна, масех баттахь набахтехь валлийра. ХIетахь Соип кийрахь вара сан. Болатах къаьстича, дог а иккхина, со лийр йу, моьттура суна. Дийнахь а, буса а наб ца кхеташ, кхачанах а хаьдда, бIарзйелла, кIелйиса йоьлча, кхин хIун дийр ду а ца хиъна, Iелин Iумарца БуритIа йахара со. Цигахь СКАЧАТЬ