ГушмацIа дера, къармазе, цIий сиха стаг вара. Пхийтта шо хьалха налог йаккха керта баьхкинчу йуьртдех а, шина стражниках а леттера иза, царна гIеххьачул чевнаш а йеш. ШолгIачу дийнахь алссам стражникаш балош веанчу пурстопа, Ведана а вигна, набахти чувоьллира иза. Да схьа ца хецча, Зеламхас цунна дуьхьал лачкъийна цхьана хьаькаман кIант валийра. Цунна дуьхьал хийцина, маршаваьккхира ГушмацIа.
Цул тIаьхьа шийтта шо маьрша хилира церан доьзалан. Амма и машаре шераш къахьдеш, керла бохам тIебеара царна. Солтамурдан йезар йара церан йуьртарчу Хушуллин йоI Зезаг. Цаьршинна чIогIа дезара вовшийн, цхьаьнакхета Солтамурдан аьтто боцуш, хан дIатоьттуш, ладоьгIуш Iapa и шиъ. Цкъа цхьана суьйранна Солтамурд хин коьрте вахча, Зезага дийцира цунна, ша МахкатIерчу йуьртден кIантана хьехош йу, ша йеха цара нах бахкийтича, шен да-нана оцу захалонна реза хир долуш ду, ден а, ненан а лаамна дуьхьалйала шен бакъо йац, нуьцкъах йадийна кеп а хIоттош, ша йига аьлла. Иштта йоI йигар хуьлуш дара нохчашлахь. Нах йукъа а бовлий, барт, машар бой, захало дой, дIадерзадора. И шайниг а иштта дIадерзаре дог даьхна, шолгIачу суьйранна хи дохьуш цIа йогIу Зезаг, урамехь схьа а лаьцна, дIайигира Солтамурда.
Шайн йоI аш нуьцкъах йадийна йигна, иза схьа ца лахь, шаьш захало-м муххале дийр дацара, вайна йуккъехь, цкъа а машар хир боцуш, мостагIалла хир ду аьлла, схьахьедира ХушуллагIара. Йуьртара тхьамданаш машарна а, захалонна а йукъабевлира. Амма оцу машарна а, захалонна а йукъагIоьртинчу Хорачан йуьртдас иза а, важа а дохийра. Ша хьаькам ву, хIокху йуьртахь ша Iедал ду, ша аьлларг хила деза, машар а, захало а ма хьехаде, ХушуллагIеран йоI дIа ца лахь, ша ГушмацIагIар берриг а набахти чу бухкур бу, бохура цо. Йуьхьанцара оьгIазбахар дIадаларе а, йа тIаккха тIаьхьа захало хиларе а дог даьхна, Зезаг ХушуллагIаьрга дIайелира ГушмацIагIара. Йадийна йигна йоI, йолчара схьайехча, дIа а луш, тIаьхьа захало а деш, йа ца деш, амма машар беш дIадерзош Iадат ма дара. Кхузахь эхье хIумма а дацара шиний агIорхьарчарна. ГушмацIагIарна новкъадерг кхин дара – шаьш йалийна нус Iедало схьайаккхар.
2
Цул тIаьхьа а и дов, захало дина йа ца дина, дIадерза тарлуш дара, хIинца оцу йукъа махкатIхойн йуьртда ца гIоьртинехьара. МахкатIхойн йуьртда а, ГушмацIин стунцахой, Хорачара ЭлсангIар а, гергара бара. ГушмацIагIеран а, ХушуллагIеран а захало хиларна йа ГушмацIагIара йуха а Зезаг нуьцкъах дIайигарна кхеравеллачу махкатIхойн йуьртдас йоI Хорачара дIайаккхийтира. Элсанан кIанта, ГушмацIин стунвашас ШоIипа, Эшалхоте йигира иза. ХIинца, Зезаг махкатIхойн йуьртден кIентан цIар тIе йаларна йуккъе йаьлча санна, дара хIоьттина хьал. Иза а, гIаддайча, тардолуьйтура ГушмацIагIара. Царна Iаьткъинарг Элсан-гIеран йамартло йара. ГушмацIин стунвашас, Бийсолтин ненан вашас, и йоI Хорачара дIайигар. Цигара дIа Зезаг махкатIхойн йуьртден кIантана дIайигале иза схьайаккха вахара Зеламха а, Хьамзин ши кIант Iеламха а, Iизраил а, Солтамурдан СКАЧАТЬ