Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия Ратиани
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. Горцы - Мзия Ратиани страница 12

СКАЧАТЬ оьрсин эскаран эпсар волчу цхьаьна ногIийс дийцинера Закавказьеца зIе латточу почтови трактехула дукха ахча ду аьлла дехьадоккхуш. Мазлакхан чIагIбинчу некъатIехула дIагIур болчу инкассаторшна тIелата бохура цо, хIунда аьлча цу меттигана тIелатар хир ду аьлла Iедална дагахь дац. Ахия хIетахь цIахь ца карийра Кутина.

      Цуьнан вежарша а, гергарчу наха а йоккхачу деган йовхонца тIелецира Нохчийчуьра шайн веза хьаша. Ахиян вашас Асхата ша цхьаьна гIуллакхе вахана схьаваллалц садаIа элира Куте:

      – Тхо долчу Iуьйранна хьошалгIа веанера Сванетера Ахиян доттагIа. Делкъа хенахь иза Гелйастано олучу кIотаре вахана. Цигара эла Урусбиев волчохь той хир ду, ткъа цу тойнехь Ахиян накъостан балкхархо тIехьиза йоI хир йу.

      Иза цунна йевзинера, йоI Сванетехь марехь йолу шен дейиша йолчу хьошалгIа йеанчу хенахь. Цундела ваха лаьа суна цига, масане хуьлу, ловзарехь цхьаъ хилахь а – бехказалла вахана элира Асхата.

      – Вало, цхьаьна воьду вайшиъ! – Элира Кутас, хантIера шен шаьлта а нисъеш.

      Кута а, Асхат а Гелястано кхаьчначу хенахь, зуда йалийна той доьдуш дара. Уьш диллинчу кевнашка кхаьчначу хенахь тIелецира, ткъа церан дой садаIа даьхнийн керта дIадигира. Кута а, Асхат а чоьхьавелира. Тайп-тайпанчу кхачанах йуьзна стоьлаш рагIу бухахь а, иштта арахьа а лаьттара, ткъа уггаре а беза хьеший арахь ца буьтуш чубугуьра. Хьеший-м йерриге а Кавказера гулбеллера. Кхузахь Кутина бевзарш а бара шортта: чергизой, гIебартой, хIирий а, масех гIалгIа а. Асхатана сиха карийра ша лоьхург. Сванаца цхьаьна тойне веана Асхатан щича а, ша сван а рагIу бухахь Iаш вара. Сванна Асхата дуьйцург хезаш а дацара. Иза цкъа хьалагIоттуш, йуха охьахууш, адамашна йукъахь цхьаъ лоьхуш вара. Сван Кутел жимох вара. Зоьртала дегI долчу цуьнан хIора а леларехь гуш дара иза экха санна каде а, ницкъе а хилар. Хеталора цо белшаш нисйича цунна тIера чоа масех дакъа хилла детIар ду.

      Шен накъосташца Кута Iаш волчу стоьла йисте веара хIусамда балкхаройн эла Урусбиев Навруз. Массаьрга а маршалла а хаьттина, цо Кута маравоьллира:

      – Нагахь санна тхайн къоман хьаша ас дIавигахь, шуна вас-м хир йац? – лерина хьаьжира иза нохчочун накъосташка.

      – Тхо даккхийдина а девр дац-кх аш охачул цуьнан дукхох терго йахь – велакъажарца хьалагIаьттира Асхат. Навруз нохчийн обаргаца чоьхьавелира. Кута кора йистера стоьла хьалха охьа хиира, кхузара дIахьаьжча, арахь хуьлуш дерг дика гуш дара. Шеца цхьаьна стоьла хьалха Iаш берш Кутина бевзаш бацара, амма уьш тайна адамаш долчух тера дара, цара совнаха хеттаршца новкъарло ца йора обаргана.

      ЦIехххьана гIовгIанца чоьхьавелира кечвелла цхьа ламанхо. Цуьнан духарца гуш дара иза эла хилар. Массаьрга а лерина хьоьжучу цуьнан бIаьрг Кутина тIехь сецча, велакъажаро сирла йаьккхира цуьнан йуьхь. Кутина а сиха вевзира хьаша. Иза вара гIебартойн эла Клишбиев Аслан. Амма эла хиларо новкъарло ца йора цунна Кутица нийсса обаргалла лело.

      – Сан хьоме доттагIа, хьо ГIебартахь ву, ткъа суна иза массарел а тIаьхьа бен ца хиъна – реза воцуш, корта лестабора цо Кута мара а вуьллуш. – Суна хаьа шу цхьаъ дагадеана СКАЧАТЬ