Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия Ратиани
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. Горцы - Мзия Ратиани страница 11

СКАЧАТЬ долуш хьаннашкахула чекхвала чIогIа хала дара, цундела ХIирийчуьра Дигорера Топан олучу кIотарахь шен накъост волчохь саца дийзира цуьнан. Кхузахь цхьа де а даьккхина, иза боданца Лаккхарчу Балкхарера Кюнлюм олучу кIотаре дIагIур ву.

      ХIирийчо обарг хазахетарца тIелецира, хьешан сий деш, уьстагIана урс хьаькхира цо. ДоттагIаллин марзонехь йаьккхина хан чехка йоьду, цундела хIара де а сиха дIаделира. Сарахь Кута дIаваха кечвелча, хIирийчунна лиира иза новкъа ваккха. Кутас ца оьшу боххушшехь, и шиъ цхьаьна Лаккхарчу Балхкаре кхечира. Маржа-йаI ма беркате ду Балкхарен латта, ма хаза ду цуьнан лаьмнаш, маьлхан зIаьнарша лепайо церан басеш, ткъа эзар шерашкахь дуьйна Кавказан ха деш лаьтта кхузахь къена Эльбрус – Кавказан массо а лаьмнийн сийлаллин Iаламат.

      Iуьйранна сатоссуш ши бере Кюнлюме кхечира. Буьрсачу гIуранан а аьтто ца баьллера Черек цIе йолу ахка шен шийлачу йийсаре лаца. ГIовгIа эккхийтина доьдура иза охьанехьа. Цуьнан аьрру йистехь лаьттара Абайн бIов. КIотар самайолуш йара: маьI-маьIIехь саьккалшкара пешнийн биргIанашчуьра Iуьйренан кIур бара гуш, масех жIаьла кертара арахьаьдира, говрийн бергийн тата хезна, амма цара меллаша ког боккхуш гина, жIаьлеш шелонехь Iан дог ца догIуш чоьхьа хьевдира.

      Жангуразов Ахия

      Кхо бере Ахиян хIусаме кхаьчначу хенахь, цу чуьра араваьллачу ламанхочо ков схьадиллира. Кутина вевзира шен доттагIчун воккхах волу ваша Асхат. Говрашкара биссина хьеший догIмаш меттах дохуш лаьттара бохбала гIерташ:

      – Ассаламу Iалайкум! – салам луш, куьйг кховдийра Кутас балкхархочуьнга, ткъа важа куьйг шен йис тесначу мажах а, цIоцкъамех а хьоькхура цо.

      – ВаIалайкум ассалам! – шеконе хьешашка хьоьжура балкхархо, царех хIоранга а куьйг а кхийдош.

      Кутас цIоцкъамашна тIеоьзна шен месала куй дIа а тоттуш, велакъежча, балкхархочуьнга мохь белира:

      – Йа Аллах! Кута вац и? – цо сиха куьйг ластийра шен цIехьа, ткъа цу чуьра цхьа чоа а долуш тIехь, карахь карабин а йолуш, аратассавелира Ахия:

      – Со вала велла! Ван а ма ву Кута! – марахьаьрчира иза шен доттагIчунна. – Ассаламу Iалайкум! Делера совгIат хуьлда шу кхуза кхачар сан беза хьеший – элира Ахияс, хIирийчуьнга а, Куте а хьоьжуш.

      ХIинца бен ца кхийтира Ахия, ша дукха хазахетта карабин охьайилла а вицвелла хиларах. Иза шен воккхах волчу вешига дIа а кховдош, цо элира:

      – Соьгахь а ду сема хила везаш хьал.

      ХIирий цхьаъ ала гIертара, амма балкхархоша уьш кхин бистхила ца буьтуш, чоьхьа бехира. Кегийчу наха церан говраш даьхнийн керта садаIа дIайигира. Жимма хан йаьлча хIирийша дийхира шайна цIа даха бакъо лахьара аьлла. Делкъан ламаз диначул тIаьхьа хIусамдайшна хьошалла дарна баркалла а аьлла, хIирий дIабахара.

      Сарахь хьаша хIусамдеца ша виссича, Ахияс паднара тIе Кутина дуьхьал охьа а хууш, элира:

      – Кута, хьоьга дийца ца оьшуш, хьуна хаьа со а, сан дерриге а тайпа а хьо бахьанехь шайн синош кхоор долуш дац. Тхо даима кийча ду хьошалла СКАЧАТЬ