Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия Ратиани
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. Горцы - Мзия Ратиани страница 16

СКАЧАТЬ шен легашкахь къуьйлуш:

      – Кута мах боцу хазна йу хьоьга тахна къаьчнарг. Ларйелахь иза! – шен бIаьрхиш лечкъо гIертара эла. Нохчийн обарг кхийтира балано лаьцначу сванна ша дуьйцург хезаш доций.

      – Дика зуда хир йу аьлла хетий хьуна цунах? – сван хьийзо волавелира Кута.

      – Цул дика а, тешаме зуда а, берийн нана а кху маьлхан дуьненахь карор йац хьуна – халла жоп луш йуха а дIаваха гIоьртира сван, амма иза куьйг лаьцна сацийра Кутас. Элан доьхначу дагах кхеташ волчу нохчийн обаргана ца лаьара иза кхин дIа хьийзо. Кута забар йар дезаш вара, амма хIинца сел боккхачу сингаттамо лаьцначу эланан даг тIе туьха тийссал къиза а вацара нохчийн обарг.

      – Сан хьоме доттагIа Мушни! Ас даггара декъал во хьо Балкхарехь уггаре а хаза йоI йалийна, тахана доьзал кхолларца. Ларйелахь иза. Ларбелахь хьайн цIена безам. Таханлерачу дийнахь дуьйна Фатика сан дуй биъна йиша хир йу – доггах маракъевлира Кутас эла Ратиани. ХIинца а хуьлучух кхеташ воцучу Мушнинна тIеведира Ахия:

      – Нохчийн къоман ламаст ду: нагахь санна цара бIаьргашна гина а воцуш, дагца доттага хьаржинехь, цуьнан доьналлин лаккхара мах хадош, уггаре а деза совгIат до цара. Фатикаца хьайн дахаран некъ дIакхехьа сатийсинера ахь. Кутас иза хьуна йала а йина. ХIинца иза хьан йу! – Ахияс доггах маракъевлира шен доттагIа…

      Мушнис Фатика йалийна той кхаа буса даздеш дара. Кхин а масех дийнахь доттагIий болчохь хан а йаьккхина, сван шен нускал а эцна Кавказан дукъа тIехьхула цIа ваха новкъавелира.

      – Со цкъа а текхна вер вац шуна хьалха долу декхара – Мушнис бIаьрг туьйхира кертахь гулбелалчу шен накъосташка. – Кута, ахь сан дахаран маьIна а, сан ирс а йухадерзийна. Тахана хьо бахьанехь сайн са дIадала а кийча ву со! – маракъевлира цо обарг.

      Сурт диллинарг Айтек Дуг

      – Ма къинхетаме хилла соьца АллахI! Цхьаьна дийнахь хIусамда Мушни а, доьналла долу нохчийн ваша Кута а вели-кх цо суна – Фатикан Iаьржачу бIаьргашкахь кхерстара ирсан алу.

      Кута хIинца а дагалецамийн йийсарехь вара. ХIетахь хилларг дагатесна, цхьа шатайпа йовхо йаьржира цуьнан кийрахь. Ахияга а хьажна цо элира:

      – Дер деза ас Мушнина а, Фатикина а делла дош кхочушдеш, уьш болчу хьошалгIа ваха.

      – Кху деношкахь лаьмнашкахь доккха ло ду, вайшиъ Мушнинна тIе кхачалур вац. Масех де хьалха сванийн тоба дукъа тIехьахула кхуза сехьа йаьллера. Сванашна хазахета моьтту суна дарцашкахула лела. Уьш кестта шайн цIа гIур бу, цаьрга хабар дохьуьйтур ду вай, хьо со волчохь Мушнига хьоьжуш ву аьлла – жоп делира Ахияс.

      Сванетера Ратиани Мушни

      Иттех де даьллера Кута Ахия волчохь хьошалгIахь волу. Кхолламан беттан чаккхе йара иза. ГIурано лаьцнера латта. Цу дийнахь Ахия шен хьаша а цхьаьна жимма волавала араваьллера. Накъостий гIаш Абайн бIов йолчу агIор бахара, шайна тIаьхьа говраш а йуьгуш. Арахь цхьа йекъа шело йара, маьлхан зIаьнаршлахь дато бос бетташ лепара диллина доккха ло. Черекна СКАЧАТЬ