Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров страница 37

Название: Дарц

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Издательство: Автор

Жанр:

Серия:

isbn:

isbn:

СКАЧАТЬ а, атталла газа-уьстагIа а дац. Цхьана болу цхьа йетт боьхкича, бераш шуьрех хедар ду, сту боьхкича, гIуллакхаш кхин а галдевр ду. Нехан аьттонаш бац, СаьIад. Цу тIе, ахь ма-дуьйццу дукха а дац йуьртана тIера декхарш. Аш хьарамлонаш лелайой-те, моьтту тхуна. Адамийн собар кхачийна, СаьIад. Адамаш оьгIазе ду. Хьо а дукха тIехваьлла чугIерта нахана. Жимма собаре а, ларлуш а хила.

      Вовшийн Iодика а йина, шайн Iасанаш а луьйзуш, дIасабекъабелира баккхий нах.

      VI корта. ТIаьххьара чевнаш

      Суна гац хьан бIаьргаш лепаш,

      Дуьххьара со вохвеш санна,

      Массарал а ирс долуш хеташ,

      Айъина со лелош санна.

      Алахьа, ца йисна хьоьца

      Вай тIомахь лелийна йовхо?

      Дог сацац, къоналла лоьхуш,

      Даханчух богу суй боьхуш…

      М. Мамакаев

      1

      Ша къона волуш баккхийчу наха дуьйцу хезнера Iелина, оьрсашца тIом хилале хьалха нохчий чIогIа Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, оьзда, къинхетаме, собаре, барт болуш а бара бохуш. Цара дийцина нохчийн къоман и оьзда гIиллакхаш цхьадерш тIеман халонаша, бохамаша, эрчонаша хьешний, дохийний, дагийний дIадаьхнера, цхьадолчеран лараш, гIаларташ дисинера.

      ТIом къизалла йу. ТIамо синош ца кхуллу, синош дойу. ТIамо цIенош ца до, йарташ, шахьарш ца хIиттайо – йохайо. Йалташ, даьхни ца кхиадо – хIаллакдо. Машаречу адамаша бIеннаш, эзарнаш шерашкахь хьекъалца, безамца, собарца, хьацарца къахьоьгуш кхоьллинарг дерриг а къинхетамза хIаллакдо. ТIамо, тIера дай а бойуш, бобераш, къона жоьра-зударий, кIентий а бойуш, къена дай-наной буьту, заьIапхой бо. ТIамо адамаш харцонна, йамартлонна, къизаллина тIетоьтту. Цкъа а адаман са даккха дага цадеанарг, сагалмат хьаша а ларвелларг, цуьнан шен бертаза адамаш дайа Iамаво. Шена тIе герз а лаьцна, чугIертачу мостагIчуьнга ша ца вейта, иза воь цо. Дуьххьара адаман са даккха хала хуьлу стагана, амма цхьаъ, шиъ, масех а адам дийча, цуьнан дог чIагIло, къизло, иза цIийх, къизаллех вулу. ХIетталц хьарамчух ларвелларг къола дан, талор дан Ieмa. Ша мацалла ца вала, шен доьзал мацалла ца балийта. Халкъе беанчу бохамах пайда а оьцуш, шайна хьал-бахам гулбо цхьаболчара. ТIамо дуккха а адамийн эхь-ийман, йахь-оьздангалла, къинхетам боь, собарх дохадо, акхаройн амале дерзадо. Ткъа и тIом цхьадолчу адамийн корматалле, говзалле, церан дахаран Iалашоне боьрзу. Уьш нахаран баьлчанах, марс-мангалх, машаречу дахаран кхечу гIирсех херабовлу. Царна герзах дIакъаста ца лаьа, цуьнца лоху шайн рицкъ.

      TIoм болуш а, цул тIаьхьа а оьрсийн Iедалан йерриг а Iалашо нохчийн къоман барт бохорна, иза оьздангаллех дохорна, йуккъера ийман-ислам дIадаккхарна тIехьажийна йара. Оцу тIехь дика кхиамаш а баьхнера Iедало. Дукхахдолчунна оццу Iалашонца Нохчийчу, нохчашна йукъа баржийна охьаховшийнера бIе эзар сов оьрсий. Цаьргара дикка амалш а, гIиллакхаш а схьаэцнера нохчаша. Диканаш, пайденаш, оьзданаш ца эцнера, ткъа оьзда доцурш, зуламенаш, къизанаш схьаэцнера. Нохчашна тIе и бохаме Iаткъам хилийта СКАЧАТЬ