– Вало, гIазкхи, гуламе. Тхан йуьртда селхана Ведана, шен ден цIа, вахана веана. Цо тхуна хIун совгIаташ деана, хьожур ву хьо.
Iела ца вахара цуьнца. Нехан хеттарех къехкара иза. Хьанна хаьа, йуьртдас кехаташ хаттахь а. ТIаккха нахана хуур ма ду, хIара мила ву.
Маьждигана гонаха йинчу аьчган кертана арахьахула охьадехкинчу аннаш тIе охьа а хевшина, вовшашка лохха къамелаш деш Iapa баккхий нах. Бисинарш тIехIиттина, цара дуьйцучуьнга ладоьгIуш а, шайн-шайн тобанаш йина, къамелаш деш а лаьттара. Нехан йаххьаш тIехула бIаьрг тоьхча, хиира Iелина шаьш кхуза гулдинчу гIуллакхна уьш цуьрриг а реза боцийла, дегаза гулбеллийла а. Амма, мел хаа гIертарх, цунна ца хаьара оцу баккхийчу нахах баьчча мила ву а, къаной муьлхарнаш бу а. ТIаккха, уьш хIинца а схьакхаьчна хир бац аьлла, хийтира цунна.
ТIеоьху адамаш севцча, гонаха керт йоцуш, шакъаьстина лаьттачу цIенойн гIишло чуьра араваьлла масех стаг веара майдана. Хьалха вогIучу буточу, лекхачу стеган коьртарчу куйнна хьарчийна кIайн чалба а, гIодайукъ къевллина дихкина цхьа куьг шуьйра Iаьрбийн доьхка а дара. БIаьргех доьхкина куьзганаш а, кара лаьцна суьлхьанаш а долуш, йуткъа-йеха хьаьрса маж а йолуш, кегий гIулчаш йохуш, цунна тIаьхьауьдура йуккъерчу дегIара эгIаза стаг. Хьалхарниг хьаьжо хилар билггал гуш дара, ткъа хIapa шолгIаниг моллех тера хийтира Iелина. Духаре а, боларе а хьаьжча, важа шиъ а таро йолчу нахах вуйла, хиира цунна. И виъ стаг тIекхаьчча, майданахь къамелаш лагIделира.
ТIаьхьа тIевеанчу веаннах цхьаммо, говран коьртах тера йеха йуьхь а, мукадехкачух тера муцIар а, бIаьргаш а, йоцца лергина хьаьрса маж а, хаза тодина дуткъа мекхаш а долчу лохочу дегIарчу верстинчу стага, гонна йуккъе а ваьлла, куьг хьалалецира.
– ХIан-хIани, нах! – мохь туьйхира цо гIоргIачу озаца. – Шуна ма-хаъара, вайн укурган начальнико кхайкхина Ведана вигначуьра селхана сарахь цIа кхаьчна со. Пурстопал тIех а ваьккхина, лаа кхойкхур вац полконака шена тIе. Со дIа хIунда кхайкхинера, цо соьга хIун аьлла, дуьйцур ду ас шуна. Царах хьалхарниг ду вайн йуьртарчу наха Iедална такхамаш цабар. ДIадаханчу шерийн шуна тIехь дисина декхарш дуьйцур ду ас шуна…
Нахана йуккъехь, резабоцуш, гIовгIанаш йевлира:
– Тхайна тIехь дисина декхарш дагахь хаьа тхуна!
– Уьш-м бIозза дийцинера ахь!
– Кхин керланиг делахь, и дийцахьа, СаьIад!
– Бакълоь, БIаьштиг. Кху шелехь эрна хан йайа ца оьшу…
– Керланиг дийца лаьа шуна? Лаахь, иза а дуьйцур ду, – шен гIовталан хьалхарчу кисанара схьадаьккхина, деалха тоьхна кехат даржа а дина, цунна тIехьаьжира СаьIад. – Соьмаш а, кепекаш а йагарйийр йац ас. Пачхьалкхан налог дезткъа туьма. Йуьртан йукъарчу гIуллакхашна йала йеза налог шийтта туьма. Йуьртан СКАЧАТЬ