Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров страница 31

Название: Дарц

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Издательство: Автор

Жанр:

Серия:

isbn:

isbn:

СКАЧАТЬ цуьнга сатуьйсу, иза дагалоьцу. ХIунда аьлча, хIинца оцу ломара охьа некъ бан беза цо. Иза къаналлин некъ бу. Иза лаха, ломан вукху aгIop когашка кхаьчча, цуьнга хьоьжуш, кIелхиъна Iаш Iожалла йу. Ткъа хьанна хаьа, оцу ломан бyхьа тIера охьа, лаха когашка кхаччалц цо некъ беш, цунна тIе хIун догIур, цунна хIун гур? Ткъа xIapa дуьне баланийн, гIайгIанийн, бохамийн цIа ма ду…».

      «Нагахь xIapa чурташ доьгIначул тIаьхьа ши кIант веллехь? Со Сибрех ваханчул тIаьхьа тIом ма хилла кхузахь. ХIетахь цаьршиннан йалхитта-вуьрхIитта шераш хилла хир ду. ТIаме боьлху хенаш ма хилла церан. Аьрзу а, со а дуьххьара тIаме воьдуш, цаьршиннал жима ма вара. Аьрзун вуьрхIитта, сан пхийтта шо. Оцу тIаме ца воьдуш Iийна хир ма вац и шиъ. Ден чIир йекха. Ден ден а, ден вежарийн а чIир йекха. Оцу тIамехь и шиъ вийнехь? Нагахь дийна висинехь, лаьцна, Сибрех вахийтинехь? Гур вуй-те суна и шиъ? Веза Дела, ахь динчунна, хьан кхелана реза хир ву-кх со…».

      Ша буьйса йаьккхинчу керта вирзина Iела, цIа чу а ца воьдуш, ма-воьдду божали чу вахара. ХIусамнанас сийсара хьехийна кхелли дIайаккха дагадеара цунна. РагIун кертахь цхьана маьIIехь лерина тIекIелйиллинчу кхеллин боккха барз бара. Схьахетарехь, иза беша йаржо йахкайалийта гулйинера цига. Цкъа ойла хилира Iелин, оцу кхеллих дан дезарг хIусамнене хатта. Амма хьешан дагахь дерг хиъча, цо бакъо лур йацара и болх бан. Кертал дехьа беша а ваьлла хьаьжча, цигахь цунна карийра рагIу чуьра схьатийсинчу кхеллин жима барз. Шеко йацара, рагIу чохь йолу кхелли а оцу тIе таса йезаш хиларан. Божали чохь шада а карийна, тIера кетар дIа а йаьккхина, хIусамнанна ца хоуьйтуш, къайллах болх болийра цо.

      2

      Болх чекх а баьккхина, серагех дуьйцина динчу лохачу хьаьвди тIе охьа а хиъна, садоIуш, Яьссига хьажа ваха дагадеара Iелина. Яьсси-хи чохь чекхйолура кхузарчу берийн йерриг а аьхке. Цхьаццанхьа тогIин шина агIор лекха бердаш дара. Оцу бердашна кIел, куьйгаш хьала а лаьцна, чу ирахIоьттича, и куьйгаш а хьулдеш кIорга айманаш хуьлура, тIехула хьере бурош а хьийзош. Ханна даккхий бераш оцу айманаш чохь луьйчура, кегийнаш хи гомхачохь луьйчура.

      Лийча кIордийча, йа гIамарлахь керчаш, малхехь Iохкура бераш, йа тIехь бедарш а йоцуш, дерзина, бердашца хьаладуьйлура, олхазарийн баннаш чуьра йа хIоаш, йа кIорнеш схьаэца. БIаьстенан йуьххьехь дуьйна Iа герга гIортталц оцу бердашца хуьлура бес-бесара олхазарш. ХьаргIанаш, къийгаш, алкханчаш, кхокхий, бухIанаш, чIегIардигаш, маьрсаьлдигаш, тайп-тайпана хьозарчий а. Бердашца харанаш а, Iуьргаш а чохь баннаш хуьлура церан, дукхахдерш адам тIе ца кхочехь. Церан маьхьарша Яьссин гIовгIа а къарйора.

      Iай а ловзура бераш Яьссин тогIи чохь. Хина бинчу стоммачу ша тIехь, шодмаш йетташ, дIаьндаргаш хьийзайора цара. Йуьртара охьа тогIи чу буссучу новкъахула охьа куьйга-салазаш, кIег-салазаш а хоьхкура. Мацделча а цIа ца доьлхуш, тогIи чохь йолчу хьуьнхара хьаьмцаш, элхьамчаш, хьорамаш а дуура.

      Цига а вахана, шайн бералла дагалаца Iелин сацам хилча, ши чурт долчу гу тIера схьа чIоггIа бетта мохь хезира цунна:

      – Ва-а-а, ладогIалаш, нах! ЛадогIалаш!

      Iелас СКАЧАТЬ