Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров страница 2

Название: Дарц

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Издательство: Автор

Жанр:

Серия:

isbn:

isbn:

СКАЧАТЬ лелор дихкинера, ткъа гIалгIазкхашна и лело бакъо йеллера. КхозлагIа, кхузахь шатайпа законаш дара нохчий эшош, амма гIалгIазкхий толош. ТIехула тIе, имперехь цхьанххьа а боцу текхамаш а бойтура нохчашка. Кху махкахь дехачу къаьмнашна йуккъехь барт бан-м муххале а ца гIертара Iедал, мелхо а, царна йукъа дов туьйсуш, и кIамдеш, дардеш, диллина дIа царна йуккъехь мостагIалла латтадора.

      Некъахочунна хазарехь, и йукъаметтигаш цуьрриг а тоелла йацара ткъе вopхI шо хьалхачул. Цхьа-ши шо хьалха ШаIми-Юьртан базарахь, гIалгIазкхий нохчашкара герз дIадаккха гIоьртича, дов даьлла хилла, шина а агIорхьара нах а бойуш. Оццу хенахь Карабулакски станицерчу гIалгIазкхаша талийна гIалгIайн йурт Яндаркъа. Ткъа стохка Сунженски отделан атамана, ссылкера бевдда цIа баьхкина ламанхой лоьху ша аьлла бахьана а хIоттийна, талийна Экажев-Юрт.

      – Хьаькамаш байарх, тIе галдовлар бен, гIуллакхаш нислур дац вайн, – элира некъахочо, ша-шега олуш санна.

      – ХIун дан деза ткъа?

      – Iедал хийца деза. Хьаькамех цхьаъ вийча, цуьнан метта кхин хIутту. Хьалхачул къизаниг йа сонтаниг.

      Ворданан да, кисанара кисет схьа а йаьккхина, хедош тойинчу лоьдгех цигаьрка хьарчо хIоьттира.

      – XIapa Iедал тIе ца даийта а гIиртира, тIедеача, дIадаккха а гIиртира. Цунах гIуллакх ца хилча, жимма мукъана а къамкъарг малйайта а гIиртира. ТIаккха вайна тIехь динарг а гуш ду-кх. Iедало хIиттийна йуьртдай тIе ца лаца а, Iедална текхамаш ца бан а гIерташ, дуьхьало йира кху Iай Нохчмахкарчу йарташа. ХIун хили цунах? Массо йарташкара, йукъ-йукъара, нах лийци. ХIан-хIа, Зеламхина тIаьхьадахар бен, кхин некъ ца бисина.

      3

      XIapa шиъ Ведана чукхочуш, цаьршинна тIаьхьакхиира дика ши говр йоьжна йогIу гIудалкх. Цунна тIехь кIедда техкаш хиъна Iapa сирдала доьллачу хьаьрсачу маж-мекхана цIен гIина а диллина, йерстина цIен беснеш, чIенига кIел кхалкъ йолуш, воккхаллехьа лестина стаг. ХIокхеран ворданца нисвелча, цо боларе йехира чаболахь йoгIy говраш.

      – Ассалам Iалайкум, Тасуха!

      – Ва Iалайкум салам, Бета!

      – ХIун ду вайн эвлахь керла? Сингаттам боцуш деца?

      – Дика Ia. Хьо а лелий могаш?

      – АлхьамдулиллахI, къинхетаме а, комаьрша а волчу вайн Далла бу хастам! Ас шена кIезиг йечу Iамале хьаьжча, со ма дика кхобу-кх цо! Нахана моттахь а, башха xIapa дуьне лоьхуш а ма вац со, Тасуха. Эцца сайн ницкъ кхоччучул Далла Iамал а йеш, доьзална оьшучул совдаьлла рицкъа сагIина а луш, Далла дуьхьал ваха кечам беш лела-кх.

      Томкано маждинчу мекхашна хьажо пIелг хьоькхуш, къорра велавелира Тасуха.

      – Бакъ боху ахь, Бета. Айхьа миска нах а, жоьра зударий а, бобераш а талош летийнчу къинойх цIанвала гIерташ, Далла хьалха ма дукха корта бетта беза ахь. Церан хьакъ текхна вер вац хьо йовмал къематде махьшаре долуш а. Мацах-мацах цкъа, бусалба дин а, йа керста дин а кхолладалале хьалха, адамашна, церан корматалле хьаьжжина, деланаш боькъуш, цхьа дела тоьъна вац, боху. ТIаккха къушна а, совдегаршна а цхьа дела СКАЧАТЬ